ТIекхочийла долу линкаш

Оппозици къоршаме емал яр нийса дац аьлла хета дукхах болчу оьрсашна


Iедалан векалша системехь йоцу оппозици «халкъан мостагIий» бу бохуш дIахьедар дар мегар дац аьлла хета ах сов (59 процент) Оьрсийчурча бахархошна. Цунах лаьцна хаам бо Интерфаксо «Левада-центро» бинчу талламна тIе а тевжуш. Нисса бIостанехьа ойла йолуш бу цу хаттарехь 15 процент оьрсий. Левада-центро дийцарехь, 53 процент Оьрсийчурча бахархошна хезна дац Кадыров Рамзана оппозициех лаьцна дийцинарг.

Цу хьокъехь кхоччуш информаци йолчу бахархойн терахь ду 14 процент. Кху беттан 12-чу дийнахь Нохчийчоьнан Iедалан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар дира системехь йоцучу оппозицин векалш «халкъан мостагIий» бу аьлла. Царна ямартлошна санна кхел ян езара, бозуш вара иза. Цо дуьйцучунна вуно луьра критика йира оппозицин векалша.

XS
SM
MD
LG