ТIекхочийла долу линкаш

Женеве яхале цхьацца билламаш бохкуш ю Шемара оппозици


Шемарчу оппозицин векло СНН телеканале дIахьедар дина шаьш шайн векалш хьовсор бац Женеве машаран дийцаршка, нагахь Асадан эскарша го ца бастахь шаьш масийтта Шемарчу гIалана бина болу аьлла. Цул сов, оппозицино доьха шайна тIе бомбанаш еттар сацор а, бехк боцуш набахташкахь латтош болу шайн агIончаш дIахьецар а.

Дагадовларш дуьйладала дезаш дара ПIераскана дийнахь. Reuters агенталло бинчу хаамца, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь хиллачу шайн кхеташонехь оппозицино сацам бина шаьш дакхалоцур дац аьлла Женеверчу машаран конференцехь.

Reuters дийцарехь, Iамеркин пачхьалкхан секретарана Керри Джонна хета, Шемара оппозицин векалша хьалххе билламаш а цабохкуш, Женеве а бахана, Асадан векалшца шайна хетарг дийцаре дан деза аьлла.

XS
SM
MD
LG