ТIекхочийла долу линкаш

Кремл реза яц Iамеркин векалша Путин коррупци лелош ву аларна


Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир коррупцин да ву аьлла Iамеркин Iедалан векалша дIахьедар бахьана долуш ша кхеторе ладоьгIуш ю Кремл. Цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс.

Путин коррупцица уьйраш йолуш ву бахар цкъа хилла доцу хIума ду, Оьрсийчоьнан президентана иза хууш ду, иза хила йиш йоцу хIума а, цу кепара Iамеркин Iедалан лаккхарчу даржашкара наха дийца оьшуш доцуш а ду аьлла хета цунна, бохуш вара Песков.

Еарин дийнахь КIайн ЦIийнан зорбанан секретаро Эрнест Джоша хаам бира Iамеркин финансийн министран когаметто Шубин Адама Путин коррупци лелош ву алар Iамеркин администарцина хетарг гойтуш ду аьлла. Дечкен-беттан 25-чу дийнахь ББС-Цхьаъ телеканало гайтира «Путинан къайлах хьал» цIе йолу документалан филм.

Цу филмехь вистхуьлуш Iамеркин финансийн министран когаметто Шубин Адама бехке вира Путин Владимир коррупци лелорна. Кремло дIахьедар дина цу филман чулацам цхьа а бух боцуш бу аьлла.

XS
SM
MD
LG