ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу конференцехь дуьйцу дуьненаюкъара хьал


Оршотдийнахь ГΙажарийчоьнан аятоллан ХIаменаи Ιелин хьехамча Велаяти Iела Акбар Москох веана Оьрсийчоьнан лаккхарчу хьаькамашца цхьана а кхеташ, политикан конференцехь дакъалаца. ГIажарийчоьнан зорбано яздарехь, Велаяти Iела Акбар деа денна Оьрсийчу кхачийначу леринчу конференцино дуьйцур ду дуьненаюкъара хьал, лохур бу пачхьалкхаша вовшашца юкъаметтигаш машаре ерзош, юкъара кхерамзалла чIагъеш лелон беза некъаш.

Велаяти Москох кхайкхина Оьрсийчоьнан стратегин зерийн институтан куьйгалло. Ша Москох новкъа волуш журналисташца динчу къамелехь, Велаятис элира, ГIажарийчоь а, Оьрсийчоь а машар кхолла а, мехкашна юкъара барт чIагIбан пайде ю дуьненна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG