ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь кхуьуш ду богIучу мигрантийн терахь


Дирзинчу шарахь Нохчийчоьнан миграцин урхалло гучуяьккхина махкахь 800 белхан низам талхийна меттиг. Махках ваьккхина 102 легалаза веана стаг.

Журналисташка миграцин урхаллан векалша бинчу хаамца, кхуьуш ду Нохчийчу шо шаре мел долу богIучу мигрантийн терахь. Доккхачу декъанна, махка гIертарш бу Вьетнамера, Китайра, Узбекистанера, Таджикистанера, Гуьржийчуьра.

XS
SM
MD
LG