ТIекхочийла долу линкаш

"Халифатан аз" Радио йохийна


Iамеркан инарлаша хаамбо хIаваъкеманийн тохаршца ОвхIанистанера «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобано йиллина «Халифатан аз» радио шаьш йохийна хиларх. Тохарш дина Пакистанна гена йоцчу Нангархар провинцехь. Радио латтайора ДАIИШ тобано шен могIарш дузархьама.

И хаамаш баржийна Ассошиэйтед Пресс агенталло. Дирзинчу шарахь къаьсттина жигара бевллера «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобанан тIемалой ОвхIанистанехь, карладоккху агенствос. Тергамчаша и жигаралла юзу тобанан лидер молла Омар кхелхинчул тIаьхьа, тIалибийн вовшашца барт эшарца. Нангархар провинцин губернаторан пресс-секретара Машриквол Хьазрат Хьусайна хаамбо меттигерчу зорбане, радио йохаяле хьалха меттигерчу хенаца 7 сахьт даьллачу заманчохь кеманаша тохарш дина Ачин кIоштарчу ДАIИШ-ан купнашна.

Авиацино бахархойх юьзинчу Моманд-Дар кIоштахь хIаллакйина и радио а, цуьнан 5 белхахо а,иштта радион вебсайтехь болх бен 4 белхахо а. Машрикволара бечу хаамашца, кеманаша шолгIачу рог1ехь динчу тохарша вийна 6 тIемало, цул тIаьхьарчу динчу тохаро кхин а 15. «Халифатан аз» Радио Нангархар провинцехь болх бен масех бутт бара. Радион эфираш хуьлура фарси, пушту меттанашкахь.

XS
SM
MD
LG