ТIекхочийла долу линкаш

Германин канцлеран къамел хилла Путин Владимирца


Германин канцлера Меркел Ангелас Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхайкхина Донбассерчу г1аттамхошка герз сацадайтаре. Шина пачхьалкхана юкъахь хилла телефонан къамел довзуьйтуш канцлеран векала Зайберт Штефана элира Рейтерс агенталле, хIоьттинчу хьолехь Оьрсийчоьно сепаратисташа ша лараре терра, пайда эца беза шен ларамах, кхето беза сепаратисташ.

Ишта, Меркела доьху Путине ОБСЕ-н тергамчашна маршонан бакъо ялар тIеман конфликт лаьттачу мехкашка, дуьхьало а йоцуш кхача. Зайберта бахарехь, канцлеран а, Путинан а къамел хилла Москохан дехарца. Кремлан сайто хаамбарехь, Меркелас а, Путина а Украинера хьал машарца дерзоран некъаш а бийцаребина.

Пачхьалкхийн лидерша чIагIойира кхидIа а цхьаьна жигара болх дIабахьа «нормандин форматан» гурашкахь, гергарчу деношкахь арахьарчу гIуллакхийн министршца цхьаьанкхетарш дIадахьар а санна.

XS
SM
MD
LG