ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Магнитскийн тептаре" баьхна оьрсий


Iамерко кхин а 4 Оьрсийчоьнан вахархо ваьккхина «Магнитскийн тептаре». Цунах хаам зорбане баккхина Цхьаьнатоьхначу Штатийн финансийн министралло шен сайтехь. Санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнан цхьамогIа бахархошна, ву царлахь Антонов Евгений, Кибис Борис, Лапшов Павел, Урзумцев Олег.

Украинан вахархо Севастополера Аничин Алексей а. Аничин Алексей Талламан комитетан куьйгаллехь лаьттина ву. 2010-чу шарахь Iамерко бехкевира иза Магнитский Сергей лечу хьоле валорна. Оццу шарахь бихкинера цунна Штаташка некъ. Кибис, Лапшов, Уржумцев Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин талламчаш хилла бу. Антонов Евгений Нохчийчуьрчу «Чернокозово» набахтин хьаькамаллехь лаьттина.

Тутмакхаша даим аьрзнаш дора, шайн бакъонаш оцу набахтин хьаькамаша а, хадархоша а хьоьшу, бохуш. ХIермитаж фондан аудитор Магнитский Сергей, хьаькамаша ловзо даккхий ахчанаш 1орадохуш, толлучу хенахь, Iедална ял дIа ца елла аьлла, бехктакхаме гIуллакх хьалха а теттина, лаьцнера. Изоляторчохь лаьцна шо дузуш кхелхина иза. «Магнитскийн тептар» Iамеркан Iедалша тIеэцна иза кхелхинчул тIаьхьа. Оцу кехато доьхку цIераш кхайкхийначу, иза валарна бехкелоручу нахана шайн мехкашка бахка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG