ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вакансеш яхьа меттиг а йоцуш ю...


Соьлж-ГIала. Ца ваьллачу денна хилла таксист. Болх ца карориг дукха хьолехь шен машенца даккха гIоьрту напха.
Соьлж-ГIала. Ца ваьллачу денна хилла таксист. Болх ца карориг дукха хьолехь шен машенца даккха гIоьрту напха.

1,4 миллион гергга ларало Нохчийчохь адам. Оцу халкъах кхоалгIа дакъа гергга ду, боху пачхьалкхан статистико, мехкан экономикехь болхбеш - 400 000 стаг гергга.

Нохчийн доьзалехь гIеметта хIоьттина кхо адам делахь, шиъ царех болх болуш ву? Стенгара довлу, муха нисдо и терахьаш?

Бахархоша дуьйцург аьттехьа а ца догIу оцу терахьашца. Лаьмнашкара уггаре яккхийчех юьрт. Вахархочун тоьшалла.

Терахьаш дукхахдолу адам махкахь болх болуш долчуха гойту Кадыров Рамзанан администрацино. Делахь а, аьттехьа бац тоъал белхаш, дийцира Маршо Радиога Ризвана.

Белхан меттигаш деккъа дIа ю бахарх, тIе ца кхета хIумма а, боху трактористан меттиг дукха хъенахь дуьйна лохуш схьавогIучу кхин а цхьана теркахочо.

...Белхаш тоар-цатоар цхьа агIо ю экономикан дахарехь. Ткъа болх нис а белла, къа а хьегна, беттан юьххьеваьлча хIун оьций чувоьду белхало? Мел ду алапаш?

«Оьрсийчохь болх. Пачхьалкхерчу вакансийн юкъара база» аьлла ю белхалой лоху Iедалан сайт. Нохчийчоь. 3000 нах оьшуш, еса лаьтташ белхан меттигаш ю махкахь. Лоьхурш бу лоьраш, хьехархой, пхьераш, слесарш, Iуй, нехашъяхархой, артисташ, офисхой....

«Яздийриг цхьаъ ду, тIевахча эриг – кхин ду,» - ца теша вакансийн сайтах Маршо Радиоца къамелдинарш, шайна стенгахь, мила оьшу хууш хилча, стенна ца доьлху шу и белхаш беха, аьлла, хаьттича.

Ткъа санна, хьо а, хьуна а реза а хилла, болх бан болийча, мел ахча ло баттахь?

Санитаран, медицинан йишин беттан алапа ду 6200-6300 сом ( 80 доллар).

Хьехархочун алапа - 6 эзарна тIера 10 эзар соьме кхаччалц.

Нехашъяхархочунна ло 6000 сом.

Машенийн некъийн министраллехь а оьшу тайп-тайпана «коьрта говзанчаш», 20 000 гергга а, совъоьккхуш а ло царна баттахь.

Бухгалтерна ло 15 эзар.

...Амма. Аммий? ХIинцца, схьайоьллур вай Нохчийчохь латточу оьрсийн тIеман дакъошкара вакансеш. Эскаршна ца оьшуш вац наггахь говзанча а, бепиг, гарзанаш ечунна тIера лоьрашна тIекхаччалц, мехах тIемаш бечу салташна тIера эшарлакхахойн биста кхаччалц.

Нохчийчохь йолчу 3000 вакансех дукхахъерш тIеман дакъошкахь ю.

Соьлж-ГIалахь могIарчу бахархойн дарбан цIийнерчу санитарна 10 000 сом баттахь лахь, оццу говзаллица хьо тIеман декъе водахь хьуна кхузза-пхоьазза сов хуьлуьйту алапа.

Бакъду, дукхахболучара бахарехь, тIеман дакъошна хьашт бац нохчий, царна белхалой оьрсех беза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG