ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь еса лаьттачу гIишлойх аш хIун пайда оьцур бара?


Шатайпа хьал лаьтта нохчийн коьртачу шахьарахь Соьлж-ГIалахь а, ярташкахь а.

Цхьа сурт - цхьаболчу бахархошна я чохь баха, я бизнес лелон гIишлош ца тоьа.

ШолгIа сурт – деса лаьтта берийн бошмийн, синбахамаллин кхерчийн цIенош, Соьлж-ГIалахь – махкара уггаре лекха цIенош.

Оцу хьолаца дузу Маршо Радионо кIиранан хаттар.

Шайга хаьттича, еса лаьттачу гIишлойх аш хIун пайда оьцуьйтур бара, муьлхачу хьашташка ерзор яра уьш?

ХIоттийначу хаттаран хьокъехь вистхила лаам болучарна йовзуьйту тхайн телефонаш.

Прагера телефон: + 420 724 019 832

Горгали а баийтина, охьайилла а мега телефон, тхо тхаьш девр ду шуьца зΙене.

СМС яийта тарло тхан Москохарчу телефон тΙе: + 8 926 23 60 4 65.

Ватсап, Вайбер а ю тхан: + 420 724019832

Хетачух лаьцна яздан йиш ю тхан сайте а: www.radiomarsho.com.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG