ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдоша шайн кхоллам къастон хан кхаьчна


Курдистан йозуш йоцу пачхьалкх хила езарх лаьцна референдум хIотторе кхайкхина регион Иракъерчу курдойн автономин президенто Барзани Масуда. Курдойн цхьацца пачхьалкхашкахь а нислуш, дозанаш хIиттор йоккха харцо яра курдошна хьалха, хан кхаьчна курдоша шаьш шайн кхоллам къастон, - аьлла яздина Барзанис шинарийдийнахь шен сайта тIехь.

“Ша и референдум пачхьалкх кхолла хIоттош яц, лаьий курдошна и пачхьалкх кхолла аьлла хIоттош ю,” - боху лидеро. Цунна хетарехь, мехкдаьттан мах дуьненахь байбеллехь а, курдошна дика дIадахна тIаьххьара шо – церан шаьш бовлара сатийсам герга кхачош бу цара жигара “Исламан Пачхьалкх” олучу жихIадхойн тобанашца бен тIом,- яздо Барзанис.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG