ТIекхочийла долу линкаш

Женевехь Шемарчу хьолах долу рогIера дийцарш дIахьо Башар Асадан векалша а, цунна дуьхьал тIом бечу оппозицин декъашхоша а, дуьненан юкъараллан векалша а.

Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъараллин гIоьнца Женевехь дIахьочу Шемарчу хьолах долчу рогIерчу дагадовларий пхи де дIадаьллачул тIаьхьа гучудаьлла долу коьрта жамI- цхьа а жамI ца хилар ду, ала мегар ду.

Ма-дарра аьлча, и цхьаьнакхетар дIадоладалле а кхеташ дара, гулбеллачийн тайп-тайпана хьежамаш а, церан вовшашна нийса бIостанехьа йолу Iалашонаш а тидаме эцча, Шемах долчу дагадовларийн хIинцалера гуо хьалха циггахь, Женевехь, дIадаьхьарчу цхьаьнакхетарел халох ца хилахь, аттох хир доцийла.

Иза тамашийна а дац. Цхьаьна агIор, Асад Башаран режиман векалш бу, Башар аль-Джафари коьртехь а волу, цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш, шайна дуьхьал мел верг террорхо тIе мухIар тохарца сийсазваккха а, сацамаш баран процессера цу кепара йистах ваккха а гIерташ болу.

Царна белшаш гIортош ю Оьрсийчуьра делегаци, Башар Асаданан тешаме гIортор йолу.

Вукху агIор, Асадна дуьхьал тIом бечу оппозицин могIаршлахь Шемара уггаре а яккхийчех тобанех йолу "Джейш ал-Ислам" ю, нохчийн маттахь аьлча, Исламан эскар. Тайп-тайпанчу хьостанаша чIагIдо, цу тобанехь 12 эзарна тIера 25 эзаре кхаччалца тIемло ву, бохуш.

Цу кепара Шемахь уггаре а нуьцкъаллечех эскар ду иза. Ткъа цуьнан куьйгалхо Iаллуш Захран, дуккхаъчу тергамхошна хетарехь, Шемахь уггаре а тIеIаткъамечу а баьччанех волу, бутт хьалха вийра оьрсийн кеманаша бомбанаш а тоьхна.

Доккхачу декъехь СаIудийн Iарбойн тIеIаткъахь ларалуш йолу и тоба хIетте Малхбузехь а, Туркойчохь Шемах дагадовларийн нийса декъашхо санна тIеоьцуш ю, хетарехь, иза коьртачу декъехь шайх шемахойх лаьтташ хиларна а, радикалан исламхойн хьежамаш боькъаш ца хиларна.

Цул совнаха, Джейш ал Ислам Башарца къийсам латтийна ца Iаш, ДаIишца а тIом беш ю, ткъа ДаIишо, шен рогIехь, шен уггаре а коьртачех мостагI лоруш а ю иза. ХIетте а, Оьрсийчоьно а, Шемарчу режимо а иза террорхойн тоба лору.

Дагаловларш Iалашдеш ерг Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн юкъаралла хиларх терра, цуьнан инарла секретаран Шемах волу лерина гIоьнча Де Мистура Стаффан а ву цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш.

Цул совнаха, церан терго еш Цхьаьнатоьхна Штаташ а ю, кху деношкахь шайн пачхьалкхан секретар волчу Керри Джонехула дагадовларш, уьш мел якхийчу халонашца доьзна делахь а, саца ма дахьара аьлла кхайкхам бина йолу.

Бакъду, дагадовларш тергалдечу аналисташна тамаша хетахь, хьаамо а хIуъу кхайкхамаш барх, карарчу этапехь цу цхьаьнакхетарх хIара аьлла пайда хилахь. Иштта, политологна Чапханов Русланна хетарехь, дагадовларийн декъахойн Iалашонах дукха вовшашца цхьаьна ца йогIуш хилар ду церан кхиаме ца хиларан коьрта бахьана.

Чапханов : „Цигахь дакъалоцуш йолу Джейш ал Ислам тоба а, кхин йолу тобанаш а, ткъа иштта Шеман куьйгаллин векалш а, церан шайн вовшашлахь хилла барт а бац, уьш вовшех кхеташ а бац, кхин дIа йолчу заманахь шаьш и Шама муьлхачу кепар кхиор ю бохучух кхетам а бац церан цкъачунна.

Джейш ал Ислам тоба даима а СаIудийн Iарба хьоьжуш ю, цара хIун олу хьожуш, вуьш Оьрсийчоьне хьоьжуш бу. Суна хетарехь, цу Шемарчу коьртачу тобанаша цкъа хьалха вовшашца бийца цхьа юкъара мотт а, барт а лаха беза“.

Ала догIу, Женевехь гулбеллачу Шемарчу хьолах дагабовлучара дийцаре дан дезаш дерг, нагахь санна и цхьаьнакхетар кхиамца дIадерзахь, цул тIаьхьа Шемахь хIуттун долу хьал ду.

Масала, дуьненан юкъаралло хIоттийначу планаца, цу махкахь цкъа хьалха лерина Кхерамазаллин комитет кхуллур ю, ткъа цуьнан гIоьнца тIеман тийсадаларийн цхьаболчу декъашхошна, къизаллашкахь а, тIеман зуламашкахь а декъа ца хиллачарна, амнисти кхайкхор ю.

И Iалашо тIебоху охан бутт кхачале дан дезаш ду. Оццу хенахь кхолла декхар ду цхьана ханна йолу Шемин урхалла а.

Стигалкъекъа-баттахь, цу планца, Шемин парламент дIасахоьцур ю, ткъа цул тIаьхьа Цхьаькхеттачу Къаьмнийн юкъараллин Iуналлийца Шемахь политикан реформаш йийр ю, дуьненаюкъара конференци а гулйийр ю, Шема юхаметта хIоттон ахчанаш гулдархьама.

Ткъа цул тIаьхьа, хIара карара шо дале, Шемин керла конституцин проект кхуллур ю, иза шен рогIехь, тIедогIучу шеран дечкен баттахь референдуме юьллур ю.

Амма и дерриге а цкъачунна еккъа цхьа кехаташна тIера Iалашонаш ю. Ткъа карарчу хенахь Женевехь кхоччучу барамехь вовшашца дагабийла а ца буьйлабелла сел бIостане хьежамаш а, Iалашонаш а йолу делегаташ.

XS
SM
MD
LG