ТIекхочийла долу линкаш

Кегийчийн гIайгIа хьан бийр бу?


Нохчийчоь --Iели-Юьртара берийн беш еса лаьтта, 2016

Нохчийчоь --Iели-Юьртара берийн беш еса лаьтта, 2016

Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь тоьаш яц берийн бошмаш, я ишколаш а, бохуш, орцанаш доху Кавказера хьал тергонехь латточу наха.

ХIинцалера зама ца йийцича а, бакхийчара даре а деш,кху тIаьхьарчу 50-60 шерашкахь,даима а коьртах а яьхна кхайкхош лаьтташ ю Оьрсийчохь бахархойчохь Iачу хIусамийн а, берийн бошмийн а къоьлла хилар.

Цу декъехь кесталгIа Iедале нехан аьтто балур бу ала хала ду, массанхьа зил-дозанаш детташ кху Оьрсийчоьнна хала,чолхе еъначу заманахь муххале а. Къаьсттина хало хьоьгуьйтуш,лазаме долу бахархошна бераш тIеэца бошмаш цахилар.

Тахана и хаттар Къилбаседа Кавказан кIошташлахь уггар ира лаьттачех цхьаъ ду, шо-шаре мел долу дебаш схьайогIу Нохчийчоь. Церан къоьлла хилар бахьнехь кхузахь шуьйра даьржина ду мах а луш, белхан хенахь бераш лула-кула кхаба дIадалар а, жимма таро йолчара, низамо ма хьоьхху, кехаташ а кечдой, берийн бошмаш схьаеллар а.

Бакъду, цу кепара гIулчаш яхар, цхьа гIийла лол бетташ, тишьеллачу бедарна йоманаш летор санна хIума лору дукха бахархоша. Карарчу хенахь уьш цецбуьйлург ду массо бохург санна ярташкахь йоьгIна лаьтташ вуно хаза берий бошмаш йоллушехь Iедал цаьрга болх байта сиха цахилар.

Царех хьега а хьоьгуш Iаш ду-кх шаьш бохуш дуьйцуш ю Теркйист кIоштера берийн нана Малкан.

Малкан: «Царех хьега а хьогуш Iаш-м ду тхо. Оццул хаза ян а йина,уьш стенна лоттийту-м ца хаьа суна. Эша-м чIогIа оьшур уьш. Хьала-м юзур яра уьш. Маца дIайолалур ю уьш болх бан ца хууш саготта бу-кх нах. 2018 –гIа шо а боху цхьаболчара-м. Хуур ду-кх! И хIун ду –м ца хаьа суна а, я нахана а».

ШолгIачу шаре а евлла йина лаьтташ йолу берийн бошмаш кегий адамаш тIе а ца оьцуш яьсса латтар шатайпа геннара кхето гIоьртира Новр гIалара юккъерчу тIегIан Iедалан гIуллакхъхо Мусаев Iиса.

Iиса: «Кхоччуш йовлаза ю. Ша долу кехат а кечдина,массо тайпа бакъо а яьккхина, лицензии схьа елла тоьшаллаш хила деза…ял йоккхучу урхаллера биста кхаччалц».

Маршо Радио: ШолгIачу шаре а яьккхина лаьтташ хилча Iедало сихо ян ца мега?

Iиса: «Ерриг Оьрсийчохь а тIеэцначу программица йина мА ю уьш. Федералан бюджетера ахча ду къасто дезаш. Цу чу эца езачу хIуманашна ахча деза, баккхалга а, йийбарна а".

Маршо Радио : ТIаккха Iедалан таро цахиларна тIедогIуш дац иза?

Iиса: «Программина тIаьхьайисна ма яц уьш! ГIишлош йина гича, дIахIиттина цIенош гича нахана моьтту и болх бан дIайолаяла еза. Цунна ахча ма ду кхин а къасто дезаш. Белхалошна а, ягочунна а, юучунна, молчунна а. Тароне хьаьжжа кхочуш еш план ма ю…

Кху тIаьхьарчу шерашкахь хилла ца Iаш, даима а наношна коьрта лазам а хилла, юкъараллехь йийцаре еш лаьттачу берийн хIусамийн къоьлла хилар керла дац,кхо эзар сов нохчо вехачу ХIирийн мехкан Мазалк гIалахь. Цу хьокъехь дуьйцуш ю Абзотова Руман.

Руман: «Сан кIант Мазалкехь вехаш ву кхо бер а долуш, шен ков-керт а долуш. Берийш беш йоцуш тхан нус балха яха а йиш йоцуш цIахь Iаш ю-кх. ДIавахханчохь меттиг яц олу,я хир ю ала дегайовхо а яц. Цхьа сатийцсам хир бар-кх дIаязвахьара аьлча дIа а ца язво. Бала хьоьгуш бу-кх уьш и берийн хIусам цахилар бахьнехь. Цхьанхьа а яц Мазалкехь бер дIадала меттиг…»

Бахархоша даре а деш, берийн бошмийн ярташкахь кхачо маца хир ю ала хала ду.

Цхьаболчарна хетарехь йина яьхнарш болх бан юьйлаелча а 8-9 эзар стаг вехачу эвлахь тоаме хир яц 100-120 бер тIеэца таро йолу берийн хIусам.

XS
SM
MD
LG