ТIекхочийла долу линкаш

Гуьржийн бIо ца булу Оьрсийчоьнах


Гуьржийчоь --Президент Маргвелашвили Георгий, 2016

Гуьржийчоь --Президент Маргвелашвили Георгий, 2016

Йозуш йоцчу юкъаралло "Цхьанабелхаш баран евраазин фондо" динчу жамIашца, тIаьххьарчу шерашкахь Гуьржийчохь лахлуш ду Европан Кхеташонан юккъе шайн пачхьалкх яхийта луучийн терахьаш.

Гуьржийчоь Еврокхеташонан декъашхо хилийта луучеран терахьаш кху тIаьхьарчу кхаа шарахь лахлуш ду. 2013 шарахь 78 процент яра евроинтеграцин агIончаш. 2015 шарахь-61 процента тIекхаьччалца лахделла и терахь.

И таллам бинчу "Евраазин фондо" къастийна 45 процент бахархой Европин мехаллашна тIетовжахь, къоман ламастех шаьш духург хиларна гуьржий кхоьру аьлла.

Къилбаседаатлантикан тIеман альянсе юккъе баха луучеран терахь а лахделла 14 процентна. ХIинца а лекха ду иза-60 процент, амма цхьа ши шо хьлаха цуьнан барам 74 процент бара.

Бахархойн лаамашкахь а, церан ойланашкахь а и хийцамаш хилла аьлла тамашийна хеташ тахана цхьа а политолог вац. "Картули оцнеба", нохчийн маттахь "Гуьржийн сатийсам" цIе йолчу партино ша мехка куьйгалле еъча дIакхайкхийнера Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш нисъярехь шаьш курс юьхьарлоцур ю аьлла.

Оцу партина хьалхаваьлла миллиардер Инванишвили Бидзина "Газпроман" акцийн долахо хилар тидаме эцча, Оьрсийчоьнан дуьхьал йолу дог-ойланаш лахъяларх тамаш ца бо цхьаммо а.

Оцу бахьанца ду аьлла хета политологна Квахадзе Алекон социологаша бинчу талламан жамIаш. Маршо Радиога цо иштта дийцира.

Квахадзе: "Уьш Iедале богIучу хенахь, церан коьрта дешнаш дара: "Оха метта ялор ю Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш". Иванишвили Бидзинин дешнашца аьлча: "Гуьржийчоьнах Европан а, Оьрсийчоьнан а юкъаметтигаш къасторехь пайда оьцуьйтур бац".

"Гуьржийн сатийсам" парти ша Iедале еъча, цара цхьа тамашийна дIахьедарш а дира. Масала, Иванишвили Бидзинас аьллера, Евраазин кхеташо дика проект ю аьлла. Иштта тIе а тайра уьш Сочехь хиллачу Олимпиадина а, "Газпром" Гуьржийчу а ялийра.

Цул совнаха, "Гуьржийн сатийсам" партин векалш цхьацца оьгIазе дIахьедарш до Европерчу лидерех а, депутатех а, уьш Сакашвилин "Цхьааллийн къоман болам" олучу партина тIехIуьтту лоббисташ бу бохуш"

Политологашна гуш ду, Оьрсийчоьнехьара Гуьржийчоьнан юккъаралло массо а агIор Iаткъам ловш хилар. Цу юккъехь хаамийн гIирсаш а бу. Гуьржашна моттадолуьйту дерриге а дуьне, царна деза хеташ долу шайн дайн гIиллакхаш дIадаха гIерта аьлла.

ТIаккха а, шена схьагучу суьртаца, Гуьржийчоь тахана а дукхачу агIор тIегIерта Къилбаседа атлантикан тIеман альянсна а, Европана а, аьлла билгалдаьккхира гуьржийн политолога Квахадзе Алекос.

Квахадзе: "Ала догIу, оцу "Гуьржийн сатийсам" цIе йолчу партехь шаверриг а вац цхьатерра ойланаш йолуш. Бу цу юккъахь республиканцаш а, Оьрсийчоьнехьа шайн дог-ойла лачкъа еш боцурш а.

Масала, Топадзе Гоги. Цо аьллера Къилбаседа атлантикан тIеман альянсе а ца доьлхуш, Оьрсийчоьно хьалхатоьттуш йолу Евраазин кхеташоне даха деза вай аьлла.

Мухха а деалахь, Гуьржийчоь Европе гIерташ хилар алсамо гIулчаш ю кхузахь. Европица ассоциацех лаьцна бертан кIела куьг таIийна Гуьржийчоьно.

Иштта визан раж а малйийр ю кху шарахь дуьйнна. Къилбаседа атлантикан тIеман альянсан центр а йоьллур ю кхузахь. Цо Iамор бу гуьржийн эскархой, альянсаца тIеман Iаморш а ду деш.

Гуьржийчоьно хIинца шен Iедалан курс хийцина олийла дац. Къилбаседа атлантикан тIеман альянсца цхьана беш болу болх Саакашвилин Iедалехь санна жигара бацахь а, иза хIинца а дIахьош бу. ТIейогIучу заманахь сацор бу аьлла а ца хетало".

Оьрсийчоьнехьа йолу ойланаш юккъараллехь дIайовлийта политологашна хетарехь Европано Шенгенан пачхьалкхашна визанаш гуьржашна яларан болх аттачу баккха беза.

ТIаккха кегийрхоша шаьш къастор ду, хIун мехаллаш лура ю Европано а, Оьрсийчоьно а.

XS
SM
MD
LG