ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу бахархошна гIодан лаам бу дуьненан лидерийн


Шемахь 5 шарна гергга яхъелла лаьттачу тIамо гIелбинчу маьршачу бахархошна 9 миллиард долларна гIодан лаам болуш гулбелла дуьненан лидерш Лондонехь. Конференцехь дакъалоцуш бу 70 гергга пачхьалкхийн куьйгалхой. Луларчу мехкашкахь мухIажиралла дIакхоьхьучу пхи миллион гергга нахана орца кхачор ду цара.

Германин канцлеро Меркел Ангелас бохура кхеташонехь, карарчу а, тIедогIучу а шарахь Германино 2 миллиард 600 миллион долларна гIодийр ду. 1 миллиард 750 миллион долларна кхача а, духар а, медикаменташ а, кхиболу гIирс а хьажор бу Британино.

Массарел а дукха орца кхачо дош делла Iамеркахоша а. Дуьненаюкъарчу гIоьнан юкъараллаша деношкахь критика йира дуккхаъчу мехкашна, цара тIамо балехь латточу шемахошна гIо ца до аьлла, иштта бехкейира 250 эзар стаг бомбанаш етташ вийна, лазийна, дукха адам махкахдала декхаредина йолу Оьрсийчоь а Iа юьстах, аьлла.

XS
SM
MD
LG