ТIекхочийла долу линкаш

Чиллан-беттан 4-гIа де доллучу дуьненчохь а цIе ца йоккхучу лазарца къийсам латторан де санна билгалдоккхуш ду.

Дуьненчохь уггаре а чехка даьржачех а, дарба дан халчех а лазар ларалуш ду онкологица доьзна дерг, я нохчийн маттахь ма-аллара, цIе ца йоккху цамгар.

Карарчу хенахь кху лаьттахь ткъех миллион онкологи долу стаг ву вехаш, ткъа керла цомгуш хуьлучийн терахь шо шаре мел долу а лакхадолуш ду.

Цу хIуман билгал долу бахьана Iилманчашна а, лоьрашна а кхоччуш девзаш дац.

Бакъду, экологин боьха хилар а, стрессаш а, кхоччуш дегI меттах доккхуш, жигар дахар ца лелор а лору цара цIе ца йоккху лазар стагах кхеточу бахьанех.

Шена онкологи лазар ду аьлла цхьанна гучудалар – иза даима а боккха бохам а, даима а ирча кхаъ а бу шена лазархочунна а, цуьнан гергарчарна а. И цамгар дуккхаъчу эладиттанашца а, дуккхаъчу элар-бахаршца а доьзна хиларна, ткъа нахалахь цу лазарх лаьцна кIеззиг бен хаарш ца хиларна, цIе ца йоккхург кхетта волу стаг сихонца лийр волуш санна хета цхьаболчарна.

Хила там бу, иза къаьстина нохчашлахь нах шен-шен хенахь профилактикана лдоьрашна тIебоьлхуш Iадат ца хиларца а, ткъа онкологи гена даьллачу муьрехь бен цундела гучудолуш ца хиларца а доьзна хила.

Кхузахь амма ала догIу, лоьраша, Нохчийчурчара а, доллучу дуьнентIерачара а юх-юха а билгалдоккхуш хилар, цIе ца йоккху цамгар ларба дан йиш йолуш ду, иза шен хенахь гучудалахь а, шен хенахь цунна дарба дан доладахь а. Къаьстина, нохчийчохь зударшлахь цхьа могIарера грипп я йовхарш кхетар санна даьржина долу некхан онкологи.

Цу лазарна дарба хуьлуш хиларан тоьшаллаш дуккха а ду. Царех цхьаъ Соьлжа-гIалара Гайрбекова Сацита ю, масех шо хьалха цIе ца йоккху цамгар шеца хилар гучудаларо Iовжийна йолу. Шена и цамгар юй-те аьлла шеконаш кхоллаелча, виза а яьккхина, Германе яханчу цунна диагноз хIоттийнера, 2 стадера онкологи а ю, вуно сиха яьржаш а ю иза, аьлла.

Делахь а, и ирча кхаъ ка ма-доллу шена лан аттачу агIор кIеда а, кхоорца а бийцира шега немцойн лоьраша бохуш дуьйцу Гайрбекова Сацитас.

Гайрбекова: „Лоьраш соьца деха къамел дира, ма-дарра хьал дуьйцуш, со кхето а гIерташ. Цара элира соьга, хьо хьайн хенахь лоьрашна тIееъна дика ду, хьуна дарба хир ду, аьлла. Вуно къинхетаме а, кIеда-мерза а бистхилира уьш соьга, со кхера ца ялийта а, со дарбанах тешийта а.

Цаьрца къамел дича суна хеталора, цу лазарх со-м лийр яц, аьлла. Сих ца луш, цхьана сохьтана дийцира цара соьга, шаьш суна муха хIун дарба дийр ду“.

Сацитина лоьраша гергарчу деношкахь операци йинера, лазар дIасацадаржийта. Цул тIаьхьа оьшшучул хан ялийтина, химин терапияш а, ткъа цул тIаьхьа радиотерапия а йинера.

Иза дерриге а и цамгар гучуиккхинчу шарчохь чекх а даьллера цуьнан. Кхин а масех бутт баьллачул тIаьхьа цуьнан дегIаца онкологин цхьа а лар ца йисна аьлла кхаъ баьккхира Сацийтина.

Цо билгалдоккху, и цамгар кхеттарш, цхьацца наха шайг-шайгара дуьйцучу халкъан дарбанаш ду бохучу бозбуанчаллашка ла а ца доьгIуш, ка ма долу сихха лоьрашна тIе баха а беза, профессионалашкара шайна дарба лаха а деза цара, бохуш.

Гайрбекова: „Дуккхаъ шерашкахь деша а дешна, и цамгар долчу нахаца болх барехь шайн шортта зеделларг а долчу лоьрашка дарба дайта деза аьлла хета суна. Цхьаболчу наха шай-шайгара кху дуьнентIехь мел дерг дуьйцу, халкъан дарбанаш дан деза, бохуш.

Суна со цомгуш хилча ца хезаш хIума ца дисира, ва авиакеросин мелча толой, ва садолу хIумнаш яа езий, бохуш. Нехан организмаш тайп-тайпана ма ю, эзарнаш нахана юккъехь цхьанна цу халкъан дарбано гIодарх, кхечарна дийр ду бохург ма дац иза.

Дарба уггаре а хьалха Делера ду, тIаккъа Делан гIоьнца лоьрашка шайн болх а бойтуш, и лазар дика девзаш а, толлуш а болчу лоьрашкахь лаха деза аьлла хета суна дарба“.

ХIинца кхо шо дIадаьлла, Гайрбекова Сацита онкологин уьнах цIанйелла. И лазар шайх кхетар гучудаьлла, йиш йоьхначаьрга ша уггаре а хьалха, дог ца дуьлуш, Делан кхинхетамах а, лоьрийн дарбанех а тешаш а тешаш, цу цамгарна дуьхьало яре кхойкхур дара, боху цуо.

XS
SM
MD
LG