ТIекхочийла долу линкаш

Кубехь цхьаьнакхетар ву Риман Папий, Оьрсийчоьнан Патриарх Кириллий


Риман Папин Францискан Куба махкахь Оьрсийчоьнан Патриархца Кириллца цхьаьнакхетар хир ду тIедогIучу кIиранах. И хаамбина Ватикано пIераскана. Католикийнний, керста ортодоксийнний цкъа а хилла йоцу диалог ю хинъерг. 1054 шарахь дуьйна гарадаьлла керста уммат тахана а ду вовшашна дуккха а агIонашца резадоцуш.

Мексике рогIехь лаьтта визитца веъанчуьра кхочур ву Франциск Кубе, ткъа официалан визитца воьдуш ву оцу пачхьалкхе Кирилл. Ортодоксийн килсано хаамбарехь, Папица Кирилл цхьаьнакхета Гергарчу малхбалехь керстанашна гIелойо боху аьрзнаш листа.

XS
SM
MD
LG