ТIекхочийла долу линкаш

Шемахой уьду тIамех Туркойчоьнан дозанашкахьа


Иттанаш эзарнаш шемахой бу Туркойчоьнан дозанашкахьа хьаьлхина, мехкан къибаседанерчу Алеппо гIалина гонах марсабаьллачу тIамех къаьхкина. 70 эзар гергга шемахо гулвелла дозанехь, бохура еарийдийнахь Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмата, ткъа мониторинго а лору и терахь бакъдолчунна герга.

Яккхийчех йолчу Алеппо гIалина тIегIерта кху сахьташкахь Шемин Iедалан эскарш, оьрсийн кеманша гIо а латтош. ТIеман дозанна юкъа нисбелла 300 эзар бахархой, оцу бахьанийца гуманитаран гIо хала ду царна тIекхачо, хаамбо Цхьанакхеттачу къаьмнийн организацин гIоьнан урхалло а. Оцу юкъанна есташ ю гамонаш Москохний, Хонкараний юкъахь.

Туркойн премьер-министра Давутоглус Шемин Iедалца цхьаьна бехкейо Кремл тIеман зуламаш лелорна. Цунна жоп луш оьрсийн тIеман министралло бехкейо Туркойчоь, иза Шеманна тIелата кечлуш ю, бохуш.

XS
SM
MD
LG