ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьра бахархой прокуратурано тIеийзабо


Шема тIаме ваха гIортарна бехкевеш, Нохчийчохь веа жимчу стагна дуьхьал бехктакхам гIаттийна талламчаша. Царна дуьхьал гIуллакхаш айдайтинарг ю Нохчийчоьнан прокуратура. “Федералан экстремизманий, терроризманий дуьхьалхьажийна долу низам талхор Iорадаьккхина оха”, аьлла ю прокуратуро зорбане яьккхина реляци.

Лецнарш бу Соьлж-ГIаларий, Устрада-ГIаларий кегийрхой – Ибрагимов, Заурбеков, Мазаев, Рашидов. Уьш юхьанца бехказа баьхна талламчаша, амма прокуратура реза ца хиларна юха а бехке озийна.

XS
SM
MD
LG