ТIекхочийла долу линкаш

Лула мехкашкара куьйгалхой а, Iедалдай а, гIара а ца буьйлуш, тийна бехаш болчу юкъанна, нохчийн куьйгалхоша массарна а кхиссарш еш, къардайна хьийзар цхьабосса ца туьду бахархоша.

Кху тIаьхьарчу хенахь наггахь де а ца долу, урхаллехь болчара а, лаккхарчу тIегIан Iедалдайша а цхьа зевне дIахьедар а дина, ерриг Оьрсийчоьнан а юкъарралин тидам шена тIе ца берзош а, шайн хьокъехь бен-бен,дукха хьолехь Iоттабаккхаме, къамелаш ца дойтуш.

Дуьнено и къамелаш дерриг нохчийн къоман цIарх туьдуш хиларна,жимма а ойла ахкамехь йолчу могIарерчу наха кхеторехь, дукхахдолчу декъана къомана цуьрриг юьхькIаме дац, кхечеран лерам,юьхь йоцуш деш долу дIахьедарш.

Цу могIарера лору бахархоша тIаьххьара луларчу ГIалгIайчоьнан векалшна барта дина «тIелетарш» а. Цу декъехь шена а ,кхечарна а хетарг довзуьйтуш ву Соьлжа- гIалин кIоштера вахархо 58 шарера Халил.

Халил: «Iедалехь болчара лелориг нах кхеташ хIума дац. ХIинца гIалгIашна тIетеIа девлла. Нажжаз бан болийна церан Iеламнах. Нохчийчохь хьехамаш бан царна дагадагIахь церан кортош дохур ду боху. ГIалгIайчоьнан Iедале сеца ца лахь,уьш вуно атта совцор бу боху.

Цу кепара кхерамаш тиссар, соьга хаьттича товш дац. Ца кхетарг хIун дуй? Сила-а йолчу Оьрсийчуьра политикаш, динан дай, бакъонашларьярхой а оха стенна нисбеш бу? Оьрсийчуьра оппозици оха халкъан мостагIий лери, дика вевзаш волчу политикана Касьяновна а бегашена «тоьпаш» туьйхи.

Массо оха бакъхьа верзош ву-кх. ХIинца-хIинца тоелла йогIу нохчийн кхечу къаьмнашца йолу юкъаметтигаш,ца догIург а ца дуьйцуш ларьян езар-кх. ТIаккха могIарерчу нахана а атта хир дар-кх».

Махках а бевлла Iар-дахар нисдан дезначу вайнахана а, кхечу мехкашка кховча кхоллам хиллачарна а атта хир дара, Iедалехь болчара тур лестор дита а дитина, Iеламнахаца а, политикашца а, бакъонийн дайшца, цхьа барт каро маслаIате къамелаш дича боху Старопромысал кIоштерчу вахархочо Асаев Рамзана.

ЛайтIехь го Iаьржалг санна кхечарех къестар, «кхиберш кхетор», царна гуттар хьехамаш бар, кхерамаш тиссар нохчий сий ойуш хIума дац аьлла хьажам болчех ву Рамзан. Цо элира.

Рамзан: «Шайна хетарехь, хьо ишта вуй, важа вуьшта вуй бохуш, кхиссарш ца еш, Iеламнах схьа а бехна цхьана гуламе, маслаIате дийцарш дIадахьа догIура. Ас-со бохуш ,цхьа хьалха вала а ца гIерташ, бехкаш а ца дохуш, бусалба нах барт бан гIоьртича дика хир дара. Тхан массо хIуманна а бала кхочу.

Аьлларг нохчашна дуьхьал ма долу, вониг къаьсттина. Шаьш массо хIуманах кхеташ берш гIар а ца буьйлуш IадIаш бу. Тийна –таьIIа Iа дезар-кх тхо а».

Лакхахь къамелаш динчара билгал ма даккхара, дахарехь вуно чIогIа зеделла, «кIайн-Iаьржа» къасто хууш, куьйгалхой бу ДегIаста а, ХIирийн а, кхечу а мехкашкахь.

Амма уьш цхьанхьа а юкъагIерташ а бац, цхьанне а топ хьежош а, герзаца кхерам туьссуш а бац. Дахарехь бахчабелла хиларе терра, царна хаьа, шайн къаьмнийн вон цIе ца яккхийта а, халкъалахь» ларвелларг дала а ларвина» олуш ма-хиллара, ларлуш хилча, толахь бен, эшам хир боций а».

Герггарчу барамехь ишта дог-ойла кхобу Iедалехь болчара ладегIамехь кхобучу цхьаболчу бахархоша.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG