ТIекхочийла долу линкаш

Канада реза ю гIажарошца бизнес лелон


Канадас юхаяьхна гIажарошна дуьхьал ша латтийначу экономикан санкцех дукхахъерш, зарратца йохк-эцарех йозуш йоцурш. Оттава резахилла ТехIерано шен зарратан программаш совцорна, дагахь ю мехкдаьттаца, кхечу сурсаташца а цуьнца юкъарлонаш шордан. “Оха лелор ю ГIажаройчоьнца бизнес, амма тергонера а йоккхур яц хIинццалц лаьттина зарратан проблемаш,” – аьлла йохк-эцаран министро Фриланд Кристиана.

Иштта, 2012-чу шарахь хедийна дипломатин гергарлонаш а ТехIеранца меттахIитто дагахь ю Оттава. 2013-чу шарахь юьззина эмбарго хIоттийра Канадас ГIажарийчоьнна, бохуьйтуш-бохкуьйтуш бацара тIеттIа бахархой. Ах миллиард тIера 48 миллиард тIе охьаяьллера Канадано ГIажарийчоьне кхачаен экспорт а.

XS
SM
MD
LG