ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийн къомо цкъа а ца къехкийна шех кхидолу къаьмнаш


Нохчийчоь --ХункурхановгIеран бертахь доьзал, 2016

Нохчийчоь --ХункурхановгIеран бертахь доьзал, 2016

Вайнехан гIиллакх-Iадаташ тIе а лаьцна, доьзал а кхоьллина, бехаш болу кхечу къоман зударий дукха бу Нохчийчохь.

Оьрсийн, немцойн, украинан, хIирийн-массо къоман зударий карабо Нохчийчохь ирсе бехаш, вайнахаца шайн кхоллам а боьзна, доьзалш а болийна. Наггахь юрт а яц махкахь и тайпа, интернациолан бух тIехь кхоллабелла доьзал боцуш.

Теркйист кIоштерчу Хункурханов Казбека а, Удмуртан кIоштан Сарапул гIаларчу Кретова Александра ишта доьзал кхоьллина 22 шо зама яьлла.

И тамаше доьзал ас юьхьарлацар ша-шаха, ларамаза нисделла, забарна тIера волу Казбек, накъосташца цхьаьна чохь Iаш, телевизионехь Удмурти хьахаелча: «ЛадогIалаш сан стунцахой бу шуна буьйцуш!»-аьлла, вагийча санна, хьалаиккхича.

Муха нисделла хьо генарчу Удмуртин нуц валар? Цу хаттарна тIера доладелла тхойшиннан къамел.

Казбек: «Шен рицкъ доллчу дIа ца воьду стаг. Машен йохка вахана нисвелла со цигахь. Цигахь болх-некъ а карийна хьевелира со. Воьдуш –вогIуш, вистхуьлуш, забар –хIума еш евзира. 21 шо сов ду хIинца-м тхо цхьаьна деха. ВорхI доьзалхо ву,5 йоI,ши кIант.

Со йоккхахйолу йоI а ялош,нана цомгуш йолуш,хьалххе цIа веара. Юха сайн аьтто баьлча, ас ахча –хIума а яхьийтина, иза схьаеара».

Маршо Радио: ЦIахь болчаьрца тIом бан ца дийзира хьан?

Казбек: «ЦIерачаьрца цхьана шина шарахь къийсамаш хилира. ТIе а ца лацара. ДIаяхийта а олура. Нанас а олура, ненавашас а олура. ТIаьххьаре а тхан нанас Шовда цIе йолу йоI дуьнентIе яьлча, тIе а ехна, къинтIера яьккхира нус …»

Соьца къамел деш волчу Майрбека чIагIдарехь шерра нохчийн мотт а буьйцуш, цIоз санна хьалакхуьуш долу бераш бахьнехь сихо хилла нана а, кхиболу гергарниш а Удмуртерчу несана Шурина тIеберзарехь а, цуьнан лерам барехь а.

Казбек: «Дукха хан ца ийшира. Юург ярца а, нохчий кхачанаш бан Iама гIертарца а, гIиллакхаш довза гIертарца а хьалхарчу дийнахь дуьйна тасаелла сиха Iемир-кх цунна. Ишта сиха тIе а йирзина Iамийра бусалба дино ма-хьоьхху лела а».

Нохчийчу схьайогIуш йоккха зуда хиларна Хункурханова Шурина, дуьйцучух дика кхетахь а ледара хаьа нохчийн мотт. Ма-дарра аьлча, цунна эхь хета, бераш а делош, и сел ледара бийца.

Цундела цо дехарца, ша олу масех дош цо оьрсийн маттахь элира. Нохчийчу схьайогIуш шеконаш ярий, кхерарий хьо яьлча цо элира:

Шура: «ЧIогIа кхерара. Пропаганда ма-яра йоьдуш, нохчийн зуламхой, талорхой бу бохуш. Iовдал ма яра со хIетахь. Кхо со Iеха ма йинера… Нанас-м кхуьнгахьа чIогIа гIо доккху. ХIара хаза нехан санна къа долуш стаг ву боху, ас хIара хьийзаво боху, кхунах къа хьаьрчина олу хIоразза а».

Цу кепара тамаше, цуьнца цхьаьна, кхечара а масал эца мегар долуш ирсе, ХункурхановгIер доьзал беха Теркйист кIоштан Iелин юьртахь.

Балха тIехь а доьзалан дас а, нанас а – шиммо оьцург 15 эзар алапа а доццушехь, цара шаьш ирсан дай лору.

Лору, долчух тоам беш, доцчух хьегар хIун ду ца хууш, могуш-маьрша доьзал кхуьуш хиларна .

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG