ТIекхочийла долу линкаш

Карарчу Чиллан-баттахь цхьаъ санна кхоъ гIовгIане процесс ю Грацерчу кхелехь дIахьош. Уьш ерриш а джихадхошца а, радикалан исламхошца а йоьзна ю.

Царех цхьаъ, даханчу пIераскан дийна дIайолаелла йолу, нохчийн къомах болчу Австрин бахархошна тIехь еш ю, я Шемарчу тIамехь дакъалацарна, я цига баха гIортарна, я кегирхой цу тIаме хьежорна бехкебечу.

Процесс дIайолош кхелахочо гулбеллачеран тидаме диллира, лийцинарш стенна бехке беш бу бохург. Верриге а кхеле озийнарг бархI стаг ву.

Царех пхиъ бен амма бехкебечеран гIентахь вацара. Вуьш Iедалхойх къайлабевлла ларалуш бу. Грацерчу кхелан бехкебечеран меттигашкахь Iаш болчарехь кхоъ боьрша стаг ву, шиъ зуда ю - наний, йоI.

Лайса цIе йолу йоI шен кхаа бераца цхьа шой, ах шой хьалха Шема дIаяха новкъа яьллачера Iедалхоша Венерчу Швехат аэропортера юхаерзийна яра, ткъа цуьнан нана иза йига яха гIертий-техьа аьлла шекIаьлла йолу, Iедале иза лахахьара аьлла арз динарг ю.

Шен арзехь цо дийцинера, Грацерчу нохчийн маьджиган имам волу Висита цIе йолу стаг вара шен йоIана тIаьхьа ваьлла, иза кхоалгIачу зуда санна маре йига гIерташ, цуо радикалан хьежамаш коьртачу бехкинера цунна, цо марздиначух тера ду шен йоIана Шема яхар, аьлла.

Иштта цо дийцинера, цу йоьIан хIусамда а жимма хьалха оццу имамо Iеха а вина, Шема а хьажийна вейтина ву, аьлла. Жимма тIаьхьо, - прокуроро чIагIдарехь гергарчу наха а, цу имаман гоно а тIеIаткъам бар бахьана долуш, - цу зудчо шен дIахьедарш юхаэцнера, цундела иза хIинца харйтоьшаллаш дарна бехке еш ю.

Ша имам Висита, Австрерчу нохчашлахь дика вевзаш волу, цу процессехь коьрта бехкевешверг санна жоьпе ийзош ву. Прокуроро шен къамелехь деха дийцира, и стаг, Грацерчу Фуркан маьждигехь имамалла лелош волу, мел кIезга а 7 стаг Шема хьажорна бехке ву бохуш.

Цу ворхIанах масех цигахь вен а вийна, Iедалхочуо дийцарехь. Иштта баъйинчарна юккъехь ву кхеле озийначу Лайсин хIусамда Масуев Амир а. „20I3-чу шеран заздоккху беттан I7-чохь Шема дIакхечира иза, I8-чохь цунна цигахь герз делира, ткъа I9-чохь иза вийра“, - иштта дийцира прокуроро жимчу стеган боцачу джихадхочуьн некъах лаьцна.

Ткъа и кIант вийначул тIаьхьа цунах йисина йолу къона зуда Лайса шена маре йига гIиртинера иза, и йоI дуьхьал йолушехь. Прокуроро чIагIдарехь, шега иза яийта дехаре Виситас шен бухара ши зуда яхийтина хиллера захало эцна цу йоIана тIе, ткъа иза реза ца хилча, цIера цуьнан дена тIе а нах бахийтинера цуо.

Цул тIаьхьа а иза хIуъу дина а, шена дIаерзо гIерташ тIеIаткъамаш лелийнера ша лаьцнча, полисхошка ша „радикалан исламхо ву, амма экстремист вац“ аьллачу имамс, прокуроро дийцарехь.

Джихадхой Шемарчу тIаме хьежорна бехке вечу Грацерчу имамс Виситас ша и зуда маре йига гIертарх къайле еш яцахь а, амма дацаре до ша кегирхой тIаме хьежийна бохург. Цо, мелхо а, ша нохчи Шема эхарна дуьхьал ву, цига дIа ца ихча а дуккхаъ проблемаш ю нохчийн къома бохучу кепехь хьехамаш бора аьлла дIахьедар дина шега полисхоша хеттамаш бечохь. Цо иштта Австрехь шайн баха таро хиларна хастам беш хила беза нохчи аьлла бу шен хьежам бохуш дийцинера.

Бакъду, кхелехь цуьнан бехкаш дагардечу прокуроро кхечу агIор дийцира. Цуо чIагIдарех, шега полисхоша хеттамаш бечу хенахь Виситас цавашарца аьллера, „ма дика мохк бу хIара Австри, джихад даккха луурш Шема баха йиш ю, ткъа церан доьзал Австри пачхьалкхено кхобу“ аьлла.

Висита кегирхой Шема эхийтарна бехке ву бохучух ца тешаш дуккха а нах бу Австрехь. Церан цхьа дакъа кхелан дийнахь процессе ладогIа баьхкина бара. Австрерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан векалш а бара царна юккъехь дуккхаъ.

Цу векалех цхьаммо, Мусалатов Шайхис дийцира Маршо радионе Висита шен хьехамашкахь а, юкъараллерчу къамелашкахь даима а кегирхошка деша дезаш хилар а, Шема эха мегар ца хилар а дуьйцуш цара, бохуш. Мусалатов Шайхи: „Висита вайна массарна а дика вевзаш а ву, иза Шема дIаоьхучарна мел дуьхьал ву хууш а ду.

Стохка кхузахь кегирхойн конференци йолуш цигахь вистхуьлуш а вара иза, вайнехан кегирхоша деша дезаш хиларх а, кхуза Австре вай схьадахкар – иза Дала вайх бина боккха къинхетам хилар а лаьцна а дийцира цуо цигахь. Вай ваьш кхузахь дикчу агIор гайтар ду вайна коьрта дерг элира цуо. Оха кехат а яздинера цу хьокъехь кхеле, цуьнан адвокатехула иза дIа а кхачош.

И процесс цкъачунна чIогIа дика дIайоьдуш ю аьлла хеташ ву со“. Грацерчу кхелехь имам волу Висита а, цуьнан ца хуьлуш йисина кхозлагIа хIусамнана а, цунна тIекхайкхина хилла йолу хиланза йисина стуннана а йоцург, кхин ши жима стаг ву дов хоттуш.

ИзIелий, Арсений цIераш йолу и шиъ Шема тIаме а вахана, цигахь террорхойн тобанийн декъахь а хиларна жоьпе ийзош ву. Цу шиннах цхьаннан адвокато дIахьедар дира шен клиенто ша Шема вахарна мукIарло до, амма цуо дацаре до ша цигахь тIемаш бина бохург, мелхо а мискачу нахана гIо дан вахана вара иза цига, аьлла.

Иштта кхеле озийначу къоначу зудчуьн адвокато а элира, Лайса Шема тIом бан яха гIерташ яцара, шен цIийнда боккъал а йигахь вийна бохучух ца тешаш, иза лаха арааьлла яра иза, аьлла. Шен рогIехь, коьрта бехкевечу Виситин адвокато билгалдаьккхира, ша гIодеш волу стаг иза тIаме кегий нах хьежош волу стаг вац, иза цу хIуманна бехке хилар цхьа а тоьшалла а дац, аьлла.

Цо дийцарехь, зударий безарий, кхозлагIа зуда ялдор гIертарий бен цунна бехке дилла хIумма а дац. „Вайна и хIума маьттаза хета тарло, амма кхузахь кхел и бахьана долуш хоттуш яц.

Зударий безар цхьа хIума ду, ткъа джихадхой Шема хьежор кхин ду“,- элира цо. Грацерчу кхелан болх чиллан беттан 25-чохь кхин дIа а хьур болуш бу.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG