ТIекхочийла долу линкаш


***

Хестор бу хьан бIаьргаш ас даиманна,

Хестор бу. Шовдано шен хьоста санна,

Зезагаш хьайх хьего шовдане йола,

БIаьрхиш хьан лачкъийна дийр ду ас къола.

Хьуна ас безаман сийлахь цIе тилли,

Эр ду ас хьан деган мерзаш тIехь илли,

ГIа Iенош тийжачу гуьйренан сийнна,

ТIома хьо ер ю - кха, сан сих са ийна.

Кхетар ю хьо къора - кхокханах тIаккха,

Боьлху и, лечано ша стигла баккхахь,

Лечанан куралла евзар ю суна,

Безаман туьйра ас дийцича хьуна.

Вайшиъ ткъа дIагIур ду лаамо хьоьстуш,

БIешерийн иллешца лаьмнаша хьоьстуш,

Седанах дийр ду ас гIайгIанна ага,

Доккхур ду дог хьуна дIаделла сагIа.

Хестор ю хьан чIаба ас даиманна,

Зарзаро бIаьстенан хазалла санна,

Суьйренца хи эца шовдане йола,

Мелла хьан бIаьргийн нур дийр ду ас къола.

XS
SM
MD
LG