ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЖихIадхошкара мохк мукъабоккхуш ду шаьш боху иракъан инарлаша


Иракъан эскаран буьйранчаша шаьш шайн мехкан малхбузерчу Рамади гIалина гонаш цIанбина Исламан пачхьалкх олучу тобан дакъойх аьлла даржийна. Шинарийдийнахь эскарой, полицин дакъоший мукъабаьккхина аьлла даржийна Рамадий, Хаббаний гIаланаш вовшахъюзу, БагIдаде боьду некъ.

Оцу толамо аьтто ло, боху инарлаша, ДАIИШ-о карахь кхобучу стратегикаллехь еза ларалучу Фалуджи гIала кхача а, иза яккха а. Ткъа ша Фалуджи цкъачунна Iедаланний, луларчу ГIажарийчоьнанний эскарша гоне лаьцна лаьтта. Иракъан къилбаседанехь Мосул жихIадхошкара юхаерзош тIемаш бан кечлуш бу Иракъан Iедалан ницкъаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG