ТIекхочийла долу линкаш

Яшин Илья: Нохчийчохь кхоьру Кадыровх


«Нохчийчоь кхоьру Кадыров Рамзанах» аьлла дIахьедина Халкъан Маршонан Партин (ПАРНАС-ан) лидеран гIовсо Яшин Ильяс. Рапорт Оьрсийчохь а, Нохчийчохь а яржо дагахь ву ша, аьлла Яшина. Цо бахарехь, цкъачунна рапортана елла цIе ю «Халкъан кхерамзаллина тIехь лаьтта кхерам».

Рапорт юкъараллина йовзийта дагахь ву Яшин Илья вайнах махкахбаьхначу Чиллан-беттан 23-чу дийнахь Москох. «Шина баттахь сов волонтерийн гIоьнца Нохчийчуьрчу коррупцех, Кадыровн гонах, политика бахьанехь нах байарх, Кадыровна гонах лаьттачу тIеман ницкъех дийца кечлуш ю ПАРНАС.

Рапорт кечъечу юкъанна Соьлж-ГIала веана де даьккхина а вахана Яшин. Цигахь шена лаккхара доьналла гайтина бухарчу шена бевзаш болчу нохчаша, цара шайн дахарна кхераме доллушехъ, дийцаре дира шеца рапортера факташ, цхьадерш бакъдира, вуьйш къовсаме дехира, хьехамаш бира шена дуккха а, аьлла Москох юхакхаьчна оппозиционеро. «Кадыровх баккъал а кхоьру Нохчийчохь.

Харцонаш Iорайоху нах доьхза бов. Дечех уггаре а атта таIзар ду нахана хьалха стаг пайдабоцчу ваккхар, ткъа Кадыровх эриг къайлах бен олуш а дац махкахь, амма претензеш-м ю цуьнга нехан дуккха а» - боху Яшин Ильяс.

«ХIора а вахархо санна ву шен алапа, яккхина са цхьана декъехь Кадыровн Фонде охьайилла декхаре» - хаамбо цо.

XS
SM
MD
LG