ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хулиганийн харцхьалла гайтина Касьянов Михаилна ресторанехь


Хулиганийн харцхьалла ю Москох ПАРНАС партин лидерца Касьянов Михаилца девне бевллачара гайтинарг, аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Шинарийн сарахь ресторанехь, иттех стага дов а даьккхина, торт тоьхна Касьяновна юьхьах.

Касъяновн гоно даржийна, тIелеттачара нохчийн мотт буьйцура вовшашца, аьлла. Иза хулиганийн харцхьалла ю, бехке-м хьаха бу тIелеттарш, амма хилларг Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыровца дозарна ша реза вац, аьлла Песковс. Ресторанехь хиллачух алссам хезар ду шуна тIаьхьо тхан кху программехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG