ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьне Шеманна тIе бомбанаш цаеттийтархьама


Шемахойн агIонаш бертан къамелашка ховшо пачхьалкхаш гIертачу юкъанна Оьрсийчоьно дIахьедина, ша кийча ю Шемахь герзаш совцо, аьлла.

Еарийдийнахь Германерчу Мюнхенехь Цхьанатоьхначу Штатийн а, Оьрсийчоьнан а дипломатин лидерш Керри Джон а, Лавров Сергей а веана оцу сацаме.

Хьалхо даьржинера, Кремл тIебогIучу беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна кийча ю Шемахь ша бен тIом сацон, аьлла. Амма Путин Владимиран пресс-секретара Песковс хаамбарехь, иза бакъдац.

Дахначу кIиранах Шемарчу оппозицино дIатесира Женевера дийцарийн чоь, шайн даймахкахь оьрсийн кеманаша нах бойуш лаьттачу юкъанна шаьш дийр дац диктаторан Асад Башаран векалшца цхьа а къамел, аьлла.

ТIаьххьарчу деношкахь оьрсийн дипломаташа а, инарлаша а дечу дIахьедарша гойту Оьрсийчоьнна а, Малхбаленна а Шемара тIом сацорехьа боху некъаш цхьана ца богIийла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG