ТIекхочийла долу линкаш

Ялх шерачохь 6000 стаг вахана Кремлан «леринчу операцешна» кIел


«Кавказан Узел» агенталло йинчу чоьтаца, Оьрсийчоьно «антитерроран барамаш» дIахьочу тIаьххьарчу 6 шарахь Къилбаседа Кавказехь байинчу, лазийначу нехан терахь ду 6 эзарнал совъоьккхуш.

Дагестанехь вийна уггаре дукха – 2000 гергга, лазийна – I400 стаг. ШолгIачу меттехь Нохчийчоь ю – 409 вийна, 464 лазийна. КхоалгIаниг ГIалгIайчоь ю, цигахь вийна 350 сов, лазийна 400-не ца кхоччуш.

XS
SM
MD
LG