ТIекхочийла долу линкаш

3 миллиард сом гергга ахча лачкъон гIоьртина хьаькам ву лохуш


Соьлж-ГIалахь гIишлошъечу «Спецстрой» хьукматан куьйгалхо Шахбулатов Аймуран 2,8 миллард сом лачкъо гIорттарх ведда, лохуш ву, хаамбина Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратурано.

Шен куьйгакIелхьарчу урхалло оццул ахчанна белхаш бина цхьацца хьукматашкахь, цаьрга шайна догIу ахча охьадиллийтахьара, аьлла, Арбитражан кхеле ваьлча, уьш аьшпаш хилар Iора а даьккхина, лаца кхайкхийна гIишлошъярхойн хьаькам.

XS
SM
MD
LG