ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровна вуно реза ву Кургинян а, Проханов а


Оьрсийчоь - Кургинян ву Москох митинг дIахьош, 23Чил2012

Оьрсийчоь - Кургинян ву Москох митинг дIахьош, 23Чил2012

Оьрсийчохь урхаллехь долу Путин Iедал вуно тайна мелла а демократин аматаш долу Iедал Оьрсийчохь долуш эшамехь хиллачу нахана. Царах ву, масала, 5-гIа Оьрсийн импери кхуллуш волу яздархо Проханов Александр а, Оьрсийчура «Заманан духе» боламан хьалханча Кургинян Сергей а. ТIаьхьарчу хенахь Кадыров Рамзана лелочуьнга безам бахан бу уьш а, Оьрсийчура аьрроагIор политикан хьежамаш болу кхин болу нах а.

Кху деношкахь Оьрсийчоьнан телевизионехь Нохчийчохь яьккхина видеофилм гайтира Нохчийчохь кхуллучу леррина Iалашо йолчу тIеман центрах лаьцна. Цигахь вуно хестош гойтуш бара тоьпаш кхуьссуш а, уьдуш а, тIаманна кечлуш болу герзхой.

Гарехь, уьш кечлуш бара террорахойн тIелатар юхатоха. Телевизионан студехь Нохчийчура гайтинарг дийцаре дан гулбеллере политологаш а, Кадыровн Iедалан векалш а, хьеший а.

Царна юкъахь къаьсттина жигаралла гойтуш вара Оьрсийчура «Заманан духе» боламан хьалханча Кургинян Сергей. Кадыров Рамзана куьйгалла дон Нохчийчоь ю тахана Оьрсийчу ян новкъа яьллачу радикалан исламизмана духьало, бохуш вара иза.

Исламан пачхьалкх олучу тобанан Iалашо Иракъан территори дIалацар яц, церан лаам шуьйра бу. Церан Iалашо ГIезалойчоь а, Къилбаседа Кавказ а, Оьрсийчоьнан кхин йолу регионаш а ю бохуш вара Кургинян.

Кадыров Рамзане воккхаверца хьожуш ву тахана кхин цхьа политолог, яздоархо Проханов Александр. Системана юкъахь йоцучу оппозицех лаьцна Кадыровс аьллачунна вуно чIогIа реза хилла, цунна тIехIоьттина вара Проханов.

Кху деношкахь Соьлж-ГIала а вахана цигахь шен накъосташца кхеташо дIаяхьа дагахь ву Проханов. Цу хьокъехь Нохчийчура журналистана интервью луш Прохановс элира ша кхоьллинчу Изборан клубан декъашхошца дукха хенахь дуьйна Нохчийчохь хила лууш вара ша аьлла.

Яздархо а, журнаслист а санна ша мосуьйттоза а Нохчийчохь хилла, Кадыров Рамзанаца къамелаш а дина ша бохуш вара Проханов. Исламан Пачхьалкх олучу тобанна тохар дан лаам болу меттиг хуьлуш ю Кавказ. Цу агIор Оьрсийчоьнан къилбера дозанаш лардеш вуно мехала меттиг дIаелла ю Кавказана а, Нохчийчоьнна бохуш вара Проханов Александр.

Шерипов Инал вевзаш волу нохчийн кинорежиссер ву. Цо дуккха а шерашкахь болх бина Москох. Аьтто хилла цуьнан цигара бевзачу политикан технологаша лелочунна тидам бан.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь болчу политикаша а, политикан технологаша а леош дерг ахчанна дуьхьа лелош ду аьлла хета Шерипов Иналана.

Шерипов Инал: «Политика ша а яц дIоггара цIена хIума, ткъа цу политиках пайда а оьцуш рицкъ доккхуш болу, политика кхача болу нах даггах лелаш бу олийла дац. Иза цхьа ледара театр ю. Дукхах болу политикаш, офицалан зорбанан гIирсех пайда эца аьтто болу политикаш Iедалан вертикалан дакъа ду. Цара юьхьарлаьцнарг Iедалан, Iедалехь йолчу элитан лаам кхочуш бар ду».

Амма берриг а политикан эксперташ бац тахана Кургинян а, Проханов а санна рицкъ даккха аьтто болуш билгалдокху Шерипов Инала.

Шерипов Инал: «Хьалха Оьрсийчохь цу кепара бепиг доккхуш хиллачу нехан аьттонаш дIабевлла хIинца. Бисинарш Шира майданехь йолчу президентан администрацина болх беш болу нах бу. Цундела Кавказе, я Юккъерчу Азе, я кхечу меттигашка уьш эхар а доьзна ду Оьрсийчоьнан президентан администрацино хIиттийначу декхаршца. ХIунда аьлча, политикан хьашташ кхочуш дечу базарахь цхьаъ бен вац сурсаташ оьцуш верг. Иза ю пачхьалкх».

Ткъа Кадыров мила волуш санна лору цу политикан технолагаша, цунах пайда оьцу цара, я цо оьцу царах пайда?

Шерипов Инал: «Иза Iедалан вертикалана юкъахь ву. Цуьнан лаамаш кхочуш беш политикан технологаша Iедалан лаам кхочуш бо. Кадыровна тIехIоьттина волу Сурков Владислав президентан администрацехь волуш, културан белхалой а, юкъараллан жигархой а, Оьрсийчоьнан юкъараллехь бевзаш болу нах а рогIе а хIиттина лаьтташ бара Соьлж-ГIала кхача лууш. Цу кепара ша-тайпа шоппинг, PR-шоппинг яра дIахьош».

Цундела Кургинян Сергей санна болу нах цхьа а шайн ойла йолуш нах бац, уьш Iедалан лаам, иза мухха белахь а, кхочуш бан арабевлла нах бу, шайна шай-кай луш мел ю, аьлла хета Шерипов Иналана. Проханов Александрех цхьа кхечу тайпа эр дара ша бохуш вара иза.

Шерипов Инал: "Бисинчу политологаш бу бохучу нахаца вуьстича Проханов кхоллараллан стаг ву. Иза шен дуьне лоьхуш ву, шен ойланашкахь кхоллалуш долу. (Цхьана хенахь иза Iедалша дIатеттина вара, цу хенахь ас къамелаш дира цуьнца, суна иза дика яздархо санна вевза).

Цундела Прохановх лаьцна дуьйцуш, вай тидаме эца деза иза профессионалан политик, политикан технолог цахилар. Наггахь дукха тIех волий хIуманаш дуьйцуш хуьлу иза. Цундела цунах пайда оьцуш хила а мега. Иза хьажаво цхьана метте, дикачу режиссеро шен актер санна, цунах хIун хуьлу хьажа ойла йолуш.

Амма кхоллараллан стаг санна цуьнан цхьа шен хьежамаш бу махкахь хуьлучуьнах лаьцна. Цуьнан шен концепци ю, вай цунна реза хила а, цахила а мегаш йолу. Амма кхечерах лаьцна дуьйцуш, ала мегара ду уьш даггара лелаш цахилар. Кхузахь ерг цIена сийсазалла ю, ахча дезар ду".

Кхин цхьа хIума а ду. Махкахь массо а агIор кризас елахь а, Нохчийчоьнца йоьзна проекташ кхочуш еш ю. Стохка массо а аьлча санна Оьрсийчоьнан субъектана бюджетера луш долчу ахчанан барам охаьбоккхуш и барам алсамбаьккхинарг яра цхьа Нохчийчоь. И хьал хийцалур ду аьлла цахетало Путин Владимиран Iедал цу махкахь мел лаьтта.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG