ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнера даьлла дош дац ша герзаш кхийсар сацадо аьлла


Шемахь тIом ханна сацор ша къобалдо, амма Оьрсийчоьнера даьлла дош дац ша герзаш кхийсар сацадо аьлла, даржийна Атлантикан альянсан инарла секретара Столтенберг Йенса. Мюнхенехь конференци йирзича кулуарашкахь шен Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца къамел хиллачул тIаьхьа дира цо и дIахьедар журналисташка.

Лавровс хьайга юхь дуьххьал эларий хьоьга Оьрсийчоьно шен агIор герзаш совцадо «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанех боцчу ницкъашна дуьхьал деттар, аьлла хаьттича, Столтенберга «хIаъ» я «хIан-хIа» доцуш дитира къамел. Нагахь санна Оьрсийчоьно Асадна дуьхьал йолчу оппозицина тIе тIеман Iаткъамбеш нислахь, ша вер ву уггаре хьалха протесте, бохура Столтенберга.

XS
SM
MD
LG