ТIекхочийла долу линкаш

Кремло Украинехь эскарш мел кхобу лаьттар ю санкцеш


Донбассехь шолгIа агресси йолийна Оьрсийчоьно, Минскехь бина барт а бохош, Малхбалено оцу бахьанийца шорйийр ю санкцеш, аьлла Мюнхенерчу конференцехь Iамеркан Штатийн пачхьалкхан секретара Керри Джона.

Украинан суверенитет юьззина кхерамна къелхьара яллалц латтор ю Малхбалено Оьрсийчоь санкцешна кIел, цуьнан хоржийла ду, я Минскехь бина барт ларбар, я санкцийн къахьалла лар. Оьрсийчоьно мел дац бахахь а, цуьнан эскарш ду Украинехь, уьш арадаха деза цигара, иштта чуоза деза Кремло ша Украинан дозане хIиттийна эскарш а, бохура Керрис.

Украинера демократи Европано а, Iамерко а ма-хуллу Iалашйийр ю, ша Украина а хила еза коррупцех цIанлуш, бохура Цхьанатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан куьйгалхочо.

XS
SM
MD
LG