ТIекхочийла долу линкаш

Яшин Ильягахь полицино лоьхург герз дац


Москох оппозиционеран, ПАРНАС партин лидерех волчу Яшин Ильян машен сацийна, теллина полицино шоьтадийнан делкъехь.

Шаьш герз лоьху, аьлла машенан дега полисхоша, амма Яшин тешна ву уьш ша Нохчийчоьнан администраторо Кадыровс низамаш талхош хиларх лаьцна кечйина рапорт лохуш хилла хиларх.

Москох гобоккхучу МКАД некъа тIехь нисъелла инцидент.

Ткъа Iуьйранна полисхой шен да-нана дехачу хIусаме а кхаьчна ша волу меттиг хоьттуш, хаамбина Яшина интернетехула.

Кадыровх йолу рапорт ца карийна, дIаяьккхина шен машенчуьра ша хIоттийначу «Путин. ТIом» цIейолчу рапортан массех экземпляр, хаамбо Яшин Ильяс.

Кадыров Рамзана Оьрсийчоьнан низамаш талхош хиларх тоьшаллаш далош, вайнах махкахбаьхначу Чиллан-беттан 23-чу дийнахь рапорт даржо лерина ю ПАРНАС парти.

XS
SM
MD
LG