ТIекхочийла долу линкаш

Дарж дитина реформийн агIончо Украинин инарлан прокуроран когаметто Каськос


Украинехь шен дарж дитина инарлан прокуроран когаметто Касько Виталийс. Ша иза даран бахьана дуьйцуш Каськос чIагIдо цигахь болх беш болу нах вовше кIелхьара а бохуш, хьал хиqца лууш цахилар. Цо дийцарехь, Украинин инарлан прокуратурехь лелаш низам дац, низам цахилар ду.

Iамеркин Украинехь волчу векало Пайетт Джеффрис дIахьедар диина, Касько Виталий балхар дIавалар тохар ду махкахь реформаш яран процессана дина долу аьлла. «Касько чемпион вара инарлан прокуратурехь хийцамаш барехь» - аьлла яздина Пайетт шен Твиттерерчу агIона тIехь.

XS
SM
MD
LG