ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн дIахьедарш низамца хилар толлур ду прокурораша


Оьрсийчоьнан инарлан прокуратуро таллам беш бу Кадыров Рамзана системана юкъахь йоцучу оппозицех лаьцна дийцинарг экстремизм ю, я яц къастор Iалашонца. Цунах лаьцна дуьйцуш ду инарлан прокуратуро Петарбухерчу низамаш дахаран гуламан депутатана Резник Максимана деллачу жоьпехь.

Ша Резника дIахьедар дина инарлан пркуратуран бакъо яцара ша бина латкъам Нохчийчу хьажо аьлла. Цунна хетарехь, экстремизмана дуьхьало ярх лаьцначу федералан низамца а догIуш, цу тайпа хаттарш къасто дезаш ву Оьрсийчоьнан инарлан прокурор.

Резника дийцарехь инарлан прокуратуран сацамо гойтуш ду, федералан Iедалша шайн Iуналлехь латтош цахилар Нохчийчура хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG