ТIекхочийла долу линкаш

Шайн къам махкахдаьккхина де юха а шаьш-шайгара, Iедалера пурба а доцуш, билгалдоккхур ду нохчаша.

Фейсбукчохь Нохчийчуьрчу Малаев Джалвадис яздо: «Лераме вежарий, йижарий! ТIекхочуш ду вайн къам Махках даьккхина де.

Массанхьа, стохка санна, хезар ду тайп-тайпана къамелаш: и де дицде аьлла омра диний, де билгал ца доккхуйтий, оха доккхур дуй, иштта дIа кхин а къамелаш.

Цхьана шарахь мукъане а, политика ца хьехош, билгалдаккха хьовса вай, къоме бала боьссина де».

Цунна гонах кар-кара оьцуш, дийцарш ду дIахьош. Ца кхетарш а бу нахалахь, Iаьнан Iуьйранна къам банне а бехк а боцуш, Сталинан Iедало махках даккхарх тахана дуьйцийла юй политика юкъа ца хьакхош, боху дуккхаъчара.

Кхеташ ду, йозанан автор ца хIутту махкахь нохчаша даймахках бохуш а, дIакхаьчначу Юккъерчу Азе дIакхаьчначул тIаьхьа а лайна баланаш бийцар дихкина хиларна.

Кхушара 72 шо дузу депортацин дийнан. Ярташкахь наггахь бен бисина бац и бохаман де дагалеца, шайн бIаьрга дайнарш, лайнарш тIекхуьучу чкъурана карладаккха нах.

Дахначу шарахь Маршо Радионо таллам бича билгалделира, сила йолчу Нохчийчохь кхаа-еа доьшийлехь бен хьаха а ца динийла къоман депортацин де.

Бахьана - вайнах цIерабаьхна Чиллан-беттан 23-гIа де билгалдаккхар Стигалкъекъа-беттан 10-чу дийне тIаьхьатеттина Кремлна муьтIахь долчу Соьлж-ГIаларчу Iедало, нохчийн къоманна тIехь йиначу геноцидан мах, Оьрсийчоьно хIора и Iазап лайначул тIаьхьа дийна висинчу нохчочунна, гIалгIачунна 10 эзар сом компенсацица хадийначул тIаьхьа.

Амма бац нохчий сийначу Сибрех лайна мацалла, цамгарш, баларш, къизалла, шело цкъа а дицдан дагахь.

Цуьнах тоьшалла дира къам махках даьккхина 70 шо кхачар дийцаредарца Кавказан къаьмнийн ассоциацин президента Кутаев Руслана а, кхин а массех жигархочо а Соьлж-ГIалахь вовшахтоьхначу конференцехь гулбеллачу наха а. Амма хIетахь дуьйна Чернокозоворчу набахтехь кхобу Iедало Кутаев.

Маршо Радионо хаьттира Нохчийчохь бевзачу Iилманчашка а, кхоллараллин интеллигенцин декъе а, оьший-те къоман иэсера лазаме терахьаш хердан.

Иштта жоп хазийра Iилманчас, филологин доктора Вагапов Iаьрбис.

Вагапов: «Гуттар дIадаьлларг дуьйцуш, дахар дIадоьдуш ма ду, и дукха дийцича, цхьаболучарна Iаткъа а ма Iаьткъа а. Ма дийций вай тIех, аьлла Европехь. ХIорш и дицдича, дIадолу, юха догIу, бохуш, лелаш бу.

Цундела, и дашо юкъ юй, и хила еза. Дицдан мегар дац цкъа а! Халкъ цIера а даькхина, хIоккхал нах хIаллкхилла де, и дицдан мегар долуш дац. ТIех десто а оьшуш дац…»

Махкахь нохчийн маттахь арадолучу «Даймохк» газетан редакторан гIовс волчу Дадаев Сайд-Хьасанца зIене а девлира тхо, хаа лууш, кху шарахь Нохчийчоьнан Iедалан юй Iалашо къомана тIе бала беанчу Чиллан-беттан 23-чу дийнан ларам барца, цхьа а кепара барамаш дIабахьан я Стигалкъекъа-батте дIа ма таттара, хьехо диси и де аьлла.

Дадаев: «1944-чу шеран 23-чу дийнахь халкъ махках даккхарна лерина ярташкахь, хIора хIусамехь ца дахахь а, сагIанаш а ду дохур долуш, мавладаш а ду доьшур долуш, Дала мукъалахь. Iедалан тIегIанехь билггал ала соьгахь хаам бац, делахь а, билгал ца доккхуш дуьсур дац, вайн къоман оьмарехь уггар а дезачех де ду иза. Дага а лоцур бу цигахь вайн белларш, Дала царна геч а дойла!"

Маршо Радиоца къамелаш динарш а, зорбанехь хаалуш ма-хиллара дуккха а кхиболу нах а тешна бу депортацин де рузманехь дехьа-сехьа теттарх нохчашна дицлург цахиларх а, кIеззиг хан-зама ма-елли хьакъ ма-дду билгалдоккхуш а хир дуйла».

Ца оьшу иза и де лайначарна, амма оьшу церан тIаьхьенашна!

XS
SM
MD
LG