ТIекхочийла долу линкаш

Саудин Iаьрбийн пачхьалкхаца мехкадаьтта хьокъехь барт бина Оьрсийчоьно


Кху дуьнентIехь уггаре а дукха мехкадаьтта доккхучу Оьрсийчоьно а, Саудийн Iаьрбийн пачхьалкхо а барт бина шаьш доккхучу мехкадаьттан барам кхин алсам цабаккха. Саудийн мехкадаьаттан индустрин министро Наими Iелас Катарехь Оьрсийчоьнан энергетикан министрца Новак Александрца шен хилла цхьаьнакхетар дIадирзича дIахьедар дина, Дечкен-баттахь шаьш доккхуш хиллачу мехкадаьттан тIегIа тоьар долуш ду аьлла. Наимис дийцарехь, мехкадаьтта даккхар цхьана тегIантIехь сацош дакъалаца реза хилла Венесуэла а.

Наимис ша сатесна ву элира кхечу пачхьалкхаша а изза дийр ду аьлла. Цу хеннахь, ГIажарийчоь дагахь ю мехкадаьтта даккхар камадоллу алсам даккха. ТехIран лууш дуьненаюкъарчу санкцешна къеллахь масийтта шо даьккхинчул тIаьхьа шен мехкадаьтта дохкаран дакъа юха меттахIотто. 2014-чу шарахь дуьйна 70 процентана дайделла мехкадаьтта. ХIинца цуьнан цхьана черманах цало 34 доллар а. И бахьана долуш халонаш ловш ю экономика мехкадаьттаца йоьзна йолу Оьрсийчоь а, Азербайджан а, Иракъ а.

XS
SM
MD
LG