ТIекхочийла долу линкаш

Премьере Яценюке дарже дIавала аьлла президенто Порошенкос


Украинин премьер-министре Яценюк Арсенийга а,
инарлан прокуроре Шокин Викторга а даржера дIавала аьлла, кхайкхам бина Украинин президенто Порошенко Петрос. Иза оьшуш ду нехан Iедале болу тешам меттахIотто. Цунах лаьцна яздина шен Твиттерехь йолчу агIона тIехь Порошенкон зорбан секретаро Цеголко Святослава.

Украинин президентан официалан сайта тIехь болчу Порошенкон кхайкхамехь аьлла ду, Iедал юхахаржар оьшуш ду махкахь аьлла. Хьалхо Украинин парламентехь депутаташа куьйгаш гулдар долийнера министрийн кабинет дIасахецар доьхуш.

Шинарин дийнахь Лаккхарчу Радана хьалха гулвеллера масийтта бIе стаг. Цара доьхург дара премьер Яценюк цу даржера дIаваккхар. Цу кеппара акцеш ю дIайоьлхуш Украинин кхечу гIаланашкахь а.

ХIара бутт болалуш Яценюка дIахьедар динера Украинин министрийн кабинето болх буьтур бу, нагахь Лаккхара Рада шайх муьлхха а министр хийца гIортахь аьлла.

XS
SM
MD
LG