ТIекхочийла долу линкаш

Германин къайлахчу сервисаша ахчанаш делла хила мега Ал-Кхайдерчу нахана


Ал-Кайдан тIемалой.1ГIур2015

Ал-Кайдан тIемалой.1ГIур2015

Германин инарла прокуратурано дIаболийна немцойн Коституци ларйаран хьукматан шина белхалочуьнна дуьхьал талламаш. Къайлахчу сервисан ши белхало шеконе лаьцна, цу шиммо Ал - Къаида террорхойн тобан декъашхошна ахчанаш даларна. Ирфан Пеци цIе йолчу жимчу стаго язйиначу киншки тIера гучудаьлла, къайлахасервисхой террорхошна ахчанца гIодеш хилар.

Даханчу шарахь „Джихадхо. Террор мейд ин Джермани“ цIе йолу киншка язйинчул тIаьхьа гIарваьлла волу Пеци Ирфан цIе йолу Берлинерчу албанхойн доьзалера жимстаг кхиазхо волуш дуьйна схьа радикалан исламхойн хьежамаш боькъуш вара.

„Глобалан исламан медиафронт“ аьлла юкъаралла а кхоьллина, немцойн мотт лелачу мехкашкахь уггаре а вевзачех а, уггаре а радикалечех а исламхо хилира цунах, Австрехь а, Швейцарехь а, Германехь а дийна цхьа джихадхойн маша а кхоьллина, эзарнаш кегийнах шайн машане марзбеш волу.

Ал -Къаида тобанна белшаш гIортош йолу пропаганда а, террорхойн видеокхайкхамаш а, шаьш йохуш йолу джихаде кхиазхой марзбеш йолу клипаш а, маьждигашкахь кегирхошна хьалха радикале даIаваташ дар а – иштта дара шерашкахь Пеци Ирфананан деладе.

Эххар а, немцойн полисхоша ша лаьцна, набахте воллалца. Тахана цу жимчу стага къайлахьош а дац, цу набахтехь Iедалхоша шега шайн болхбахь шортта ахча а, аьттонаш а, ткъа коьртаниг – набахтера маьрша ваккхар а хир ду хьуна аьлла къамел дича, ша резахилар.

Лаьцначуьра ша дIахецча, немцойн маттахь Ф-Манн шех олуш волу, ткъа нохчийн маттахь мотт беттарг олучун болх беш дукха а шерашкахь жигара хиллера иза. ХIан-хIа, Пеци джихадхойн гуонашкара кегирхой кIелхьара бохуш я цаьрга церан леламаш харц хилар гайтина, уьш бохамах ларбан Iалашо йолуш лелаш вацара.

Мелхо а, цуьнан болх кхин дIа а кегирхой джихадхойн идеологин буржалашка лацар а, уьш я шайна а, я шайн доьзалшаша а, я шаьш бехачу юкъараллашна а пайденна боцучу бохучу, адамаллин гомачу хьежамашца цомгуш а беш, тIаккха царех йолу информаци немцойн къайлахчу сервисашна дIаяларехь бара.

И болх цуо, кхеташ ма-хиллара, мехаза беш а бацара – Австрерчу цхьана университетехь неосалафистийн боламаш толлучу факультетан студенташца цхьаьнакхетаре ша хьастагIа веана волуш цуо ша мукIарло дира, немцойн къайлахчу сервисашна болх бечу моттбеттархойх уггаре а лакхарчех дара шен алапа, аьлла.

Ахча немцойн къайлахчу сервисаша комаьрша шена Пецина делла ца Iаш, цуьнгахула иштта террорхошна а луш хилла, цу стага шен киншкехь чIагIдарехь. Иштта, масала, цуьнан кураторш хиллачу шина Iедалхочуо Пецигахула Ал-Каида тобан декъашхошна ахча хьажийнера, цу тобан шайн агентах Пецих болу тешам алсамбаккхархьама. Цул совнаха, „немцойн талибанан муджахIедш“ цIе йолчу джихадхойн тобанна а делла хилла къайлахчу сервисаша Пецигахула ахчанаш.

И хIума Пеци Ирфама шен Германехь тоххарехь бестселлер хиллачу „Джихадхо. Террор мейд ин Джермани“ киншкехь дийцина ах шо сов хан елахь а, амма хIинца бен политикан скандал ца хилла цунах, ткъа прокуратура хIинций бен ца йолаелла цу стаго яздинарг талла.

Ша Пеци масех шо хьалха шен моттбеттаран болх бита а битина, джихадхойн тобанашкара ара а ваьлла, къайлаваьллера – иза цхьана муьрехь полисхоша ларвеш, къайлахчу петаршкахь вехира, цул тIаьхьа шен историца юкъаралле велира, киншка а язйина, университеташкахь а, тайп-тайпанчу ток-шоушкахь интервьюш а луш. Царех цхьанна чохь цуо дийцира, ша джихадхойн тобанаш а, Iедална моттбеттаран болх а битаран бахьанех лаьцна.

Пеци Ирфан: „ Со тIаккха эххар а гучувала волавелира. Суна кхин дIа болх бац ца лууш ца нисделира иза, ас-м, хетарехь, кхин дIа а бехха болх бийр бара Конституци ларйаран сервисна. Делахь а, сан Iалашонех цхьаъ ю – кхечу кегирхошна, сан санначу дахаран хьелашкахь кхуьуш болчу, я сан хилларш санна хьежамаш болчу, цара сан киншка а ешна, я соьца хилларг царна хезна цара сан гIалатех пайда эцар. ХIунда аьлча, стаг хIаллакван там бу ишттачу дахаро. Ван а во цуо стаг хIаллак“.

Ала догIу, немцойн къайлахчу сервисашна болх беш хилла волу Пеци Ирфан цхьаъ бен воцург вац джихадхойн могIаршлахь кегирхойн шайн дIаьвшечу идеологица Iеха а беш, ткъа шаьш Iедалхошна мотт бетташ берш.

Масех шо хьалха Данерчу уггаре а радикалечарех волчу цхьана джихадхочуо Сторм Мортена дийцира меттигерчу Джилланд Постен газете, ша бакъдолчехь меттигерчу ПЕТ цIе йолчу къайлахчу сервисан а, Iамеркерчу Централа талламийн урхаллин а агент вара, бохуш.

ЦIеяххана волу Йеменерчу Ал-Каидан куьйгалхо Ал-Авлаки Анвар шеца зIенехь а вара, ша цунна шозлагIа зуда ялон гIодеш а вара, ша дIаеллачу информацица бомбеш а тоьхна вен а вийра иза, бохуш дийцира цуо.

Карарчу хенахь Шемахь а, Иракъехь а тIемаш бечу джихадхошна юккъехь а болчух тера ду шортта тайп-тайпанчу къайлахчу сервисийн белхахой. Иштта, масала, хьастагIа Нохчийчуьрчу телевизионехь гайтира Шемахь а хилла цIавирзина волу цхьа жимстаг.

Интернетехь шуьйра яьржинчу цхьана пропагандин видео тIехь дIакхелхинчу шен цхьана накъостана тоьшаллаш а деш, кхечаьрга а Шема бахка къонахий хила бохуш кхайкхамаш бечу цуо хIинца Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнна хьалха, вела а къежаш, дуьйцура ша Шемахь лелийначух.

XS
SM
MD
LG