ТIекхочийла долу линкаш

iPhone схьайосту программа кечъян реза цахилла Apple корпораци


Iамеркин Федералан талламан бюрон дехарца нехан iPhone чувала аьтто бон программа кечъян реза цахилла Apple корпораци. Талламхошна иза оьшуш ю стохка ГIура-баттахь Калифорния штатехь йолчу Сан-Бернардино гIалахь заьIапхой бехачу центрна тIелатар динчу стеган Фарук Сеидан iPhone-на чухьажа.

Apple куьгалхочо Кук Тима дийцарехь, Федералан таллам бюроно боху программа кечъян уьш реза цахилар бахьана ду, цунах талламхоша пайда эца мегаш хилар кхечу нехан iPhone- на чухьажа а. Цо дийцарехь, ФБР-о дина дехар шайгахь долчу Iедалх тIех пайда эца гIортар ду.

Сан-Бернандинохь герзаца хиллачу нахана заьIап нах бехачу хIусамна тIелатр дина вийра 14 стаг. 20 сов стаг чевнаш йина вара. И тIелатар шена тIеийцира Исламан пачхьалкх шех олучу тобано.

ТIелатар юхатухуш полицино вийра Фарук Сеид а, цуьнан зуда Малик Ташфин а. Ткъа хIинца таллам беш церан телефонаша чура информаци оьшу шайна боху Федералан талламан бюрон агенташа. Амма иза цадало церан IPhone пассвордо ларйеш йолуш дела.

XS
SM
MD
LG