ТIекхочийла долу линкаш

Премьеран дарж дита реза вац Яценюк Арсений


Яценюк Арсенийс куьйгалло дон министрийн кабинет дIасахеца аьтто цабаьлла Украинин Лаккхарчу Радан. Хьалхо Украинин президенто Порошенко Петрос кхайкхам бинера Яценюке а, инарлан прокуроре Шокин Викторга а балхара дIавала аьлла. Шокин бехке веш ву инарлан прокуратуре шен нах балха хIитторна а, Майданан жигархошна дуьхьал дина зуламаш толлуш новкъарло ярна а, коррупци лелош болу Iедалан белхахой а, прокурораш а Iалаш барна а.

Шокина сихха дIахьедар дира ша инарлан прокуроран дарж дуьту аьлла. Шинарин сарахь Лаккхарчу Раде Iедало бинчу балхах лаьцна дийца веанчу Яценюка тидам цабеш дитира президентан дехар. Ткъа цо куьйгалла дечу кабинетах тешам байна аьлла резолюци тIеэца реза цахилира дукхах болу депутаташ.

«Рейтинг» олучу социалогин тобано бинчу талламца, Яценюка дарж дита деза аьлла хеташ бу 71 процент украинахой. Дуьхьал бу - 18 процент.

XS
SM
MD
LG