ТIекхочийла долу линкаш

Обама Барак: Оьрсийчоь ишала йоьдуш ю Шемахь


Оьрсийчоьно Шемахь стратегин гIалат ду деш, Асад Башаран режимана гIортор еш аьлла, дIахьедар дина Шинарин дийнахь Iамеркин президенто Обама Барака. Цо дийцарехь, Оьрсийчоь Шемахь ишала йоьдуш ю. Обама Барака билгалдаьккхина, Шемахь ша Путин Владимирца къийсалуш цахилар. Шемана оккупация ян гIортарна вуно беза мах охьабуьллур бу Оьрсийчоьно аьлла хета Iамеркин президентана.

Мехкан диолгIа дакъа бен Асада Iуналла деш дац, и хьал гергарчу хенахь хийцалур а дац бохуш вара Обама Барак. Iамеркин президенто юха а бехке йира Кремл, Шемахь машар каро цо новкъарло ярна. Нагахь оьрсаша тIаьхьарчу хенахь шаьш лелош долу бомбанаш еттар юхацадакххахь оппозицино тIом сацор бац элира цо.

XS
SM
MD
LG