ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туит Кевин: "Стенна олу леш лаьтта кавказхойн меттанаш?"


Монреалерчу университетан профессор Туит Кевин
Монреалерчу университетан профессор Туит Кевин

Деношкахь Канадерчу Iилманчас Туит Кевина арахецна Къилбаседа Кавказан меттанаш довш хилар чIагIдечу артиклан чулацам.

Меттанаш дан тарлучу халкъалахь массарел а хьалха ду Къилбаседа Кавказан къаьмнаш боху, Канадерчу Монреалан университетан профессоро, Iилманчас Туит Кевина.

Коьрта бахьанаш го цунна Кавказехь меттанаш дукха хиларца а, оцу меттанийн дай-къаьмнаш тIех кегий хиларца а.

Халкъийн башхаллаш ца яйта Iалашо йолчу ЮНЕСКО-н эксперташа, шаьш Къилбаседа Кавказера хьал теллинчул тIаьхьа аьлла, бала герга бу адыгийн, кхарачойн-балкхаройн, вайнехан, абхазойн, хIирийн, кхиболу а меттанаш.

Масала, цхьана Дагестанехь бу, официалехь хилар бакъдеш боцурш а лаьрча, 50 мотт. Бац и меттанаш я заманца кхуьуш а - масех бIешераш хьалха ма-бийццара, цхьа а хийцам а боцуш, кхиар а доцуш бисина уьш.

Цуьнан маьIна а кхетадо Монреалерчу профессоро Туит Кевина. Къилбаседа Кавказхойн меттанаш хердина Iилманах, аьлча а, оцу меттанаша дакъа ца лоцу керла хаарш кхоллалучу процессашкахь, керла технологеш кхоллалучохь, политикехь, финансийн я социалан боламашкахь, пачхьалкхан урхаллаша а ца оьцу цунах я цуьнан йозанах пайда.

Деккъа цхьана школашкахь хьоьхуш бен боцчу меттийн кхиа таронаш яц, боху Туит Кевина.

Кху заманахь массо а дахаран боламашкахь ю конкуренци. Мотт а ца буьсу юьстах. Мотт бисийтархьама, кхиийтархьама кхечу къаьмнийн меттанашца къовсамехь хила беза. Информацин юкъараллехь къовсалуш, лаккхарчу технологеша а шен ларамбеш хила беза дийна биса лууш болу мотт.

Кхин цхьа бIе шо даьлча Кавказерчу жимчу къаьмнийн меттанаш дицлур ду, хьехош а хир дац уьш. Наггахь йолчу лаьмнийн кIошташкахь бийца биса а тарло массех мотт, амма хьалха санна къаьмнашлахь дерриг а адам хир дац ненан мотт я бийца дог долуш а, я иза хууш а, доккхах дакъа оьрсийн матте доьрзур ду, боху меттийн проблемаш шерашкахь толлуш схьавогIучу Iилманчас Туит Кевина.

Къилбаседа Кавказерчу цхьадолчу къаьмнийн дакъош дозанал арахь дехаш хиларе терра, цара ингалсан, туркойн, Iаьрбийн меттанаш тIеоьцур ду.

Мотт ша белла балале беа муьрах чекхболу, боху Туит Кевина.

Уггар хьалха мотт «лазар атта тIеоьцучу хьоле» болу, аьлча а, боху цо, доьзалехь бен ца буьйцучу декъе кхочу.

Оцу хьолехь ду тахана адыгех тукхумах долчуу цхьамогIа къаьмнийн меттанаш ,иштта Дагестанера гIазгIумкийн мотт а.

Нагахь мотт Iамош бацахь, Iилманчаша «Барна кхерам бу» цIе тиллинчу шолгIачу категоре боьрзу.

Оцу шолгIачу тIегIанехь лаьтта абазойн, бежтинхойн. Бежтинхой беха Дагестанехь.

РогIерчу боьалгIачу муьрехь «кхерамечу хьоле» болу мотт. Шайн маттахь къамел деш баккхийнаш бен ца хилча. Масална ала, чукчийн, ненцойн, хантийн, мансийн, кхидолу а Сибрехара меттанаш. Царех бу Кавказехь бжедугийн, Iаьндийн меттанаш, масала.

Меттанаш, адамаш санна ду – леш а, кхоллалуш а. Iилманчаша чIагIдарехь, тIаьххьарчу заманаш меттанаш хьалхачул а сиха бовш а, леш а бу.

Бахьана? Бахьана, Iилманчаша дийцарехь, глобалан дуьненахь хуьлучу хийцамаша а, ницкъ болчу меттанаша а Iаткъам бо пачхьалкхаллехь дакъалоцуш боцчу меттанашна.

Салоцу меттиг ю маттана къоман тIекхуьучу чкъоро ша цаларар, цабийцар. Ткъа оццул бен халкъо шех пусардеш боцчу маттана бала ду кестта, яздо

Хьал меттанашна кхераме доьрзу, тIекхуьучу чкъуро цабийцарца а, шайн меттан цара пусар цадарца а, тIаккха бала хьаьхна хуьлу мотт бохуш яздо Канадерчу Монреалан университетан профессоро, Iилманчас Туит Кевина.

ЮНЕСКО-н терахьашца, хIора баттахь дуьненахь бов ши мотт. Оцу зилтIе кхаьчна нохчийн мотт а.

Шаьш нохчийн Iилманчаша а бакъдо юкъараллехь, пачхьалкхан тIегIанехь а, хаамийн гIирсашкахь а, ишколашкахь хьехар, доьзалехь нохчийн мотт бийцар, цунах пайдаэцар а ледара хилар.

Нохчийн матахь бен яздеш воцу яздархо, прозаик Бексултанов Муса ву дуьйцуш.

Бексултанов: «Кхане йоцуш пал бу-кх хIара берриге а, кхане йоцуш! Кхане езаш хIара къам делхьара, вайн къоман бераш мотт хууш хир дара, еша хууш, яздан хууш.

Шайн маттахь беттан денош хууш, кIиранденош хууш хир дара, цIераш хууш хир дара, кхин хир дара. Шаьш мел толлуш долу хIума Iилманчаша нохчийн маттахь толлур дара, оьшучо доккхур дара гIазкхийн матте я ингалсан матте.

Вай язъешшехь гIазкхийн маттахь яздо, цунлдела цхьанна а нохчийн мотт а ца хаьа. Массо а ишколехь нохчийн мотт а бу, амма тахана санна ишколашкахь нохчийн мотт галъбаьлла зама суна дагаян а, сан дайшна дагаян а хилла яц».

Нохчийчоьнан яздархочуьнца Уциев Абуца а хилира Маршо Радион бовш лаьттачу меттан проблемех къамел.

Уциев: Тхан дендас олура: "Хьайн меттан пусар де, сий де, Iама бе, дуьнено а лорур ву хьо, ваха а атта хир ду хьуна. Кхечу къаьмнийн меттанаш Iамабе, нахана юкъахь гергарло а хир ду хьан, ваха-ван атта хир ду, таро хир ю.

ТIаккха, и хьайн мотт ахь ца Iамийча, хьан сий а хир дац, пусар а хир дац. Нохчйин мотт дIабер буй, буьсур баций, аьлча, ас олу «и бийца а буьйцуш, цуьнан сий а деш, нохчийн мотт безаш а болуш нах дийна мел бу, и дIабер бац. Нах боцчу нахана юкъахь и биса а бисина, цаьрца и ца бийцича а, царна юкъара дIабаьлча а со шек ца волу», олий».

Махкахь дика вевзачу журналиста Сумбулатов Денис аьлла хIара дешнаш:

«Нохчаша олуш хеза: «Вай цхьа-ши миллион хилла Iийр дац...» Нохчий дукха хиларх деш долу дозаллаш а дитина, «вай, тхо», – бохуш, бетта мохь а гIелбина, «тхо дерриге а ду нохчийн маттахь язъян, еша, ойлаян а хууш», – xlopa а нохчо ала йиш йолуш велахьара, иза дара дозалладан хьакъдерг».

XS
SM
MD
LG