ТIекхочийла долу линкаш

Гуманитаран гIо кхаьчна Шема


Шемахь тIом ловш болчу нахана кхача эцна йоьлху Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Оргнанизацин ковраш кхаьчна Мадайя а, Муадхамийя а, Забадани а гIаланашка а, Фоа а, Кефрайа а цIе йолчу шина эвла а.

Хьалхара кхо гIала дIалаьцна ю гIаттамхойн тобанаша, ткъа шина эвланна Iуналла деш ду Iедалан эскарш. Дуьненаюкъаралло бинчу хаамца ах миллион хиллал шемахой бу эскарша гобинчу кIоштIашкахь хене бовлуш.

XS
SM
MD
LG