ТIекхочийла долу линкаш

Анкарахь эккхийтар дарна Шемара курдаш бехке бина Туркойн Iедалша


Туркойн кхерамазаллан сервисан белхахоша 9 стаг лаьцна Кхаарин сарахь Анкарахь эккхитар дарна таллам дIахьош. Туркойн зорбанан гIирсаша дийцарехь, эккхийтар динарг ву 1992-чу шарахь вина волу шемахо.

Туркойн премьер-министро Давутоглу Ахьмада Еарин дийнахь бехке бина Шемара курдаш, 28 стаг а вуьйш, Анкарахь эккхийтар дарна.

Цо и зулам дарна жоьпалла тIедиллина Шемарчу президентан Асад Башаран режимана. Шемарчу курдаша дIахьедар дина и эккхийтар шаьш цадина аьлла.

XS
SM
MD
LG