ТIекхочийла долу линкаш

Шемара шайн тIеман говзанчаш болчу меттигашка бомбанаш тохарх варе йина Москох Пентагоно


Шеман Къилбаседехьа меттигера тIемалой Iамош шайн эскархой болчу кIошташна бомбанаш маетта аьлла дехар дина Оьрсийчоьне Iамеркин тIеман министралло. Пентагонан дехар кхочуш деш хиларх лаьцна хаам бо Франс-Пресс агенталло, Iамеркин Гергарчу Малхбалехь долчу эскаран бюйранчанна инарла-лейтенантана Браун Чальзана тIе а тевжуш.

Iамеркин командос болу меттигаш мичахь ю хиина аьлла болу хаам цхьаьнабогIуш бац Вашингтон а, Москох а тIеман юкъаметтигаш лелош яц аьлла Пентагоно официалан кепара динчу дIахьедарца.

Стохка Iамеркин тIеман министралло дIахьедар динера шаьш 50 тIеман хьехамча хьажош ву Шема аьлла. Амма церан кхерамазалла ларъяр Iалаошнца уьш болу меттиг къайлаяьхьна яра.

Брауна дийцарехь, шен агIор Москохо дехар дина Iамеркахошка шайн тIеман кеманаша дIатардина ародромашна тохарш ма дахьара аьлла. Амма шаьш цу кIошташкахь тIом беш дац боху Iамеркин инарло.

XS
SM
MD
LG