ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьнан резолюци тIецаэцна Кхерамазаллан Кхеташоно


Туркойчоьно Шемахь тIеман операцеш яр доьхкуш резолюци хьалхатеттинера Оьрсийчоьно Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин кхеташонехь. Амма иза тIецаэцна кхерамазаллин кхеташоно, уггаре а хьалха Франци реза цахилар бахьана долуш.

Францин Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацехь волчу векало Делаттр Франсуас дIахьедар дина Оьрсийчоьно Шемахь Iедалан ницкъашна гIортор яро кхераме тIом эккхийта мегаш бу цу махкахь аьлла.

Кремлехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитирис дIахьедар дира, шайна халахетар хилар а бен ца дуьсу шаьш хьалхатеттина резолюци тIецаэцарна аьлла. Оьрсийоьно кхин дIа а гIо дийр ду Асадан эскаршна лаьттахула тIеман операцеш дIаяхьа элира Песковс.

XS
SM
MD
LG