ТIекхочийла долу линкаш

Евробертана юкъахь йисарх лаьцна референдум хир ю Британехь


Британино Евробертан дахарехь дакъалацарх лаьцна дагадовларш дIадирзинчул тIаьхьа Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид Шоьтан Iуьранна цхьаьнакхийтира Iедалан декъашхошца. Цул тIаьхьа цо дIахьедар дира Британи Евробертана юкъахь йисарх лаьцна референдум хир ю Мангал-беттан 23-чу дийнахь аьлла.

Европан кхеташонан куьйгалхошца Брюсселехь хала дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа Британин премьер-министран аьтто белира шайн пачхьалкх Евробертана юкъахь юьсуш маслаIат карон. Цуьнца цхьаьна чагIлуш ю Европерчу 28 пачхьалкхаца Лондонан ша тайпа статус экономикан а, политикан а барт беш.

ПIераскан сарахь Кэмерона дIахьедар дира, ша бинчу барто лахйийр ю миграцин тулгIе, ларйийр ю Лондон Сити Еврозонина юкъайогIучу пачхьалкхашна хIиттийначу къоршамечу низамех.

«Британи цкъа а хир яц Европерчу тIехсовпачхьалкхан дакъа», - элира Кэмерон Дэвида. Цо дийцарехь, британхошна цкъа дика хетта идея яцара цу тайпа пачхьалкх кхоллар. И идея цкъа а кхочуш ян лууш дацара шаьш элира цо.

XS
SM
MD
LG