ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийчохь гулбелла Шемарчу оппозицин лидерш


Вашингтон а, Москох а Шемина бомбанаш тIееттар совцор дийцаредеш Iачу юкъанна, Шемарчу оппозицин лидерш гулбелира оршотадийнахь СаIуда Iаьрбийчоьнан коьртачу шахьарахь Эр-Риядехь. Бертан Диалог вовшахтухучу тобан куьйгалхочо Махоу Монзера хаамбина, дийцарш Эр-Риядехь шина дийнахь а лаьттар ду, декъашхоша тIом сацон тарло некъаш а хьехор бу, аьлла.

Шемарчу Iедалний, цуьнца тIом бечу оппозициний юкъа бартбилла гIоьртира Малхбузе а, Малхбале а Женевехь. Амма кху беттан юьххьехь жамI доцуш хедира диалог, къамелдечу юкъанна Шеманна тIеIаткъамбеш оьрсийн а, гIажарой а ницкъаш хиларх бахьана а даьлла.

ХIетахь дуьйна лаьтташ ду кхочушданза Шемарчу оппозицино дехнарг – Оьрсийчоьной, ГIажарийчоьной, Асадан Iедалой тIом сацабаллалц, гонехь лаьттачу гIаланашка гуманитаран ковранаш хьажжолц шаьш реза дац бертан къамел долон, аьллера Шемарчу оппозицин лидерша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG